ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Кху хьоло чӀире кхачор ву". Нохчийчохь нах лечкъор


Соьлжа-ГIала, гайтаман сурт
Соьлжа-ГIала, гайтаман сурт

Шо доладелчхьана Нохчийчуьра ницкъхоша лечкъийна бӀеннаш меттигера бахархой. Дозанал арахьа бехачу нохчийн жигархошна гучудевлла гIуллакхаш бен дац хIорш а. Церан зерашца, байинчарна йукъахь бу зударий а, бераш а, хала цамгарш шайн догIмашца йолу нах а. Мел лаххара а масех стаг велла лайна Ӏазап бахьана долуш, кхин а дуккха а нах - Украинерчу тӀамехь хаабелира. Тхан сайто теллира 2025-чу шарахь Нохчийчохь адамаш муха тӀепаза дов.

2000-гӀа шерийн йуьххьехь Оьрсийчоьнан Ӏуналла дар йуха а чӀагӀделчхьана, бертаза нах къайлабахар йа официалехь доцуш сецор даьржира Нохчийчохь. Бакъонашларъярхоша маситаза билгалдаьккхинера и хьал. Республикехь шолгӀа тӀом дӀа а баьлла, Iедалан мукъ КадыровгӀеран доьзале дӀабеллачул тӀаьхьа, нах лечкъор кхидӀа а лаьттира, амма цхьана ханна церан терахь лахделира. 2010-гӀа шераш йуккъе девлча меттигера Ӏедалхой гейшна а, шайна дуьхьал болчу нахана а тIаьхьабевлира.

Украинана буьззинчу барамехь тӀелатар долийначул тIаьхьа, йуха а шуьйра даьржира Нохчийчохь нуьцкъала нах лецар, уьш къайлабахар. Долчу тоьшаллашца, лачкъийначу дуккхаъчу божаршна тIехь гӀело а йой, цаьрга шайгга харжам бойтура: йа тIамтIе воьду хьо, йа шаьш шайггара дуьхьал даьккхинчу гӀуллакхца набахе воьду олий.

КхоалгӀа кхин цхьа кеп а йу – лачкъийначух цуьнана гергарчаьрга ахча охьадиллийтар. Масех бӀе эзарна тӀера масех миллионе кхаччалц ду иза а. Аьлча а, ницкъаллин структурийн белхахошна нах лечкъор а "бизнес" йу. Цуьнца цхьаьна мах дӀабаларо цхьана а хӀуманна гаранти йа йуьтуш.

Нохчийчохь лелош цхьа низам бен дац - "Рамзана аьлла"

Бакъонашларъярхошна а, журналисташна а, цаьрца къамел дан луучарна а кхераме хилар бахьана долуш, махкара цхьаннах а йозуш йоцу информаци схьаэца аьтто кӀезиг бу. ТӀаьххьарчу шерашкахь дозанал арахьара нохчийн жигархой бу Нохчийчоьнах лаьцна хаамаш баржон коьрта хьоста хилла дӀахӀиттинарш. 2025-чу шарахь къаьсттина НИЙСО боламо бо алсам хаамаш, махкахь лечкъочу нахах лаьцна. Республикана деоккупаци хиларехьа ду шаьш бохуш, дуьйцу цара. Церан цхьаболу хаамаш тӀечӀагӀбира тхан сайтан, "Мемориал" бакъонашларъяран центран а хьостанаша.

Нохчийчоьнан Ӏедалша а, церан векалша а комментари ца йо республикера бахархой бертаза лечкъорах лаьцна йолчу информацина. Амма цара критика йо шаьш йемал бечу жигархошна, кхерамаш а туьйсуш.

Редакцига НИЙСО-н векало Дышни Ансара дIахьедеш ма-хиллара, церан боламо дукха лерина терго а латтош, цIерашца дIайазбеш бу Нохчийчохь лечкъош болу нах, хIунда аьлча, "гуш ду", цара санна и гIуллакх лело кхин цхьа а цахилар.

Цо бахарехь, ши тӀом а, иттаннаш шерашкахь диктатура лаьттинчул тӀаьхьа Нохчийчохь нах "Iаламат чIогIа кхоьруш" бу. И бахьана долуш лачкъийначу нехан уллера гергарнаш наггахь бен шаьш зӀене ца бовлу. Доьзалш кхоьру, хьал зорбане даккхаро кхин тIе а шайн гIуллакх чолхе доккхур ду аьлла, цундела ницкъаллин структурехь болчу шайн бевза-безачабргахула йист йаккха гIерта уьш.

"Уьш [лачкъийначу нехан доьзалш] ца теша низамах а, йа адамийн бакъонаш ларъйарх а, йа кхелан системех а. Дукха хьолахь уьш кийча хуьлу, шайга цара [кхерамазаллин ницкъаша] доьхуш долу муьлхха а ахча дӀадала. Оцу наха шайн гергарчаьргара духалург доьху, кредиташ оьцу, бахам дIабухку, деккъа шайна оьшу ахча гулдина, гайн стаг церан буйнара ваккхархьама. Амма, оха масийттазза билгал ма-даккхара, тхан тергамашца, цу кепарчу гӀуллакхаша нах лечкъош берш тешабо, и схема болх беш хиларх, и тайна йух-йуха а нах лоьцу цара, шайн киса дузархьама", -боху Дишнис.

Оцу нехан тешам бац цхьаммо шайна гIо дийр дара аьлла. Лачкъийначийн гергарнаш цхьа наггахь бен зIене ца бовлу, кхин дIа а дийцира къамелдечо.

Дукха хьолахь лечкъийна нах бигарх лаьцна и доьзал бевзачара а, генарчу гергарчара а, лулахоша а, йуьртахоша а хаам бо. НИЙСО-н хьостанашна йукъахь бу, Дишнис дийцарехь, иштта ницкъаллин структурийн белхахой а, коьртачу декъана Украинина дуьхьал хиллачу тӀамехь дакъалаьцначул тӀаьхьа, цу системех чам баьлла нах а.

Оьрсийчоьнан вевзаш волчу бакъонашларъярхочо, ишта Къилбаседа Кавказехь а цхьаьна болх беш волчу (оха цуьнан цӀе ца йоккху, карарчу хенахь Оьрсийчоьнан низамашца репрессиван норманаш хилар бахьана долуш), тӀечӀагӀдо, ницкъбина нах дукха хьолахь кийча ца хьулу гIо деха, цундела Нохчийчохь лачкъийна бигинчу цхьаболчех хаамаш схьа ца кхочу: "Кху шарахь тхо масийттаза Iиттаделира полици дIабигина, цигахь Iазапаш лайна, амма шайн цаьргара баккха бехк бац, нцкъ ца бира шайна бохуш, дIахьедечаьрца".

Нах лечкъорна гунахь федералан центр йу элира НИЙСО-н жиграхоша, царна тIетайра цхьана декъана бакъонашларйархо а.

"Путина омра ца дина нахана тIехь Iазапаш леладе аьлла. Цо бакъо йелла Кадыровна регионан дозана тӀехь хьайна луъург де аьлла. Кадыров шен ницкъах а, ледарлонах а, диканах а, вонах а лаьцна йолчу ойланашца схьавогIуш ву. Нохчийчохь цхьаъ бен дац низам: "Рамзан элира".

Кхузара схьа ду Талламан комитетан а, прокуратуран а, кхелан а буьззина юридикан ницкъ ца хилар, уьш кийча ца хьулу, цара толлуш а дац гӀуллакхаш, шайна йукъахь кадыровхоша гӀело йар а, стаг вер а, стаг лачкъор а долуш", - дIахьедира бакъоларйархочо.

Амма хIетте а НИЙСО-но чӀагӀдо: "кадыровхой" боху юридикан термин йац, оьрсийн барзакъ а доьхна, Оьрсийчоьнан ницкъаллин системо Ӏуналла деш болу официалан Оьрсийчоьнан белхахой бу. "Цундела цара мел лелориг Рамзанан лаамца доьзна дац, оккупаци йинчу Нохчийчохь йолчу Оьрсийчоьнан системин жамӀ ду", - чӀагӀдо боламан векало.

"Кандидаташ" а, кепаш а

Денна бохург санна нах лечкъош хуьлу, бохуш дуьйцу Дишнис. Дукха хьолахь уьш коча боьлху, ницкъахоша дийцарехь, тIаьхьавала стаг воцчунна. Шайна лаца дагадеанчу нахах "кандидаташ" олу цара.

"Нагахь санна, шаьш стаг лаьцча, цунна тIехь шайн хирг шаьш дахь а – хуьлийла иза Iазап хьегийтар, йа бехктакхаман гӀуллакх дуьхьал кхоллар, йа иза Украине тӀаме хьажор – оцу стагана гонах гIовгIа эккхар йоций шаьш тешна делахь, тIаккха арабовлу уьш нах лечкъо. Уггар а хьалха кхерам лаьтта цхьана хенахь таIзар дина хиллачарна а, наркотикех йа маларх боьзначу нахана а, кредиташ тIехьерчийначарна а. Къаьсттина контрол латтош, тIаьхьабуьйлу цхьана кепара жишаралла гойтучу кегийрхошна. Тоаме ду, цу стага "дин нийса лелош дац", йа "вахIабхо" ву аьлла, цунна цхьаммо мотт тохахь, тIаккха иза муххале а лачкъийна вуьгур ву", - билгалдоккху Дишнис.

Цхьа къайлах латтош йолу каппаш йац йуьйцурш, МВД-н гIишлош чохь латтабо уьш

Кхин цхьа кхерам лаьтта тоба а йу - дозанал арахьара цӀабирзина Нохчийчуьра бахархой. Стохка, 1АДАТ боламо дийцарехь, кадыровхоша Мусаев Юсуп Шереметьево аэропортехь дӀа а лаьцна, республике дӀавигира. Мисарара схьа хьажийна вара иза цул а хьалха, хIетахь дуьйна цунах лаьцна хууш хIума дацара. Масех бутт бу, нохчийн жигархоша чӀагӀдарехь, Европера цӀавеанчул тӀаьхьа Соьлж-ГӀалахь лачкъийна вигинчу Тохосашвили Зурабах лаьцна цхьа а хаам боцу.

Ишта кхин цхьана хиллачух лаьцна дийцира тхан сайтан хьосто а. Шен доьзалца Австрихь ваьхна Нохчийчуьра вахархо даймахка веанера масех бутт хьалха. Шена йевзачу цхьана зудчуьнгара гIишлойан духалург ахча дехнера цо, амма и цунна йухадала аьтто а хиллера. И стаг йуха цIа веача, декхар даьккхинчу зудчо шена бевзачу полисхошка даьккхинера и гIуллакх. Цара дош деллера, цуьнгара ахча схьадаккха.

Эххара а и стаг дIавигира полици, тIеман министраллица контракт йайтира тIамтIе ваха, ткъа цунна догIу ахча дIаделлера оцу зудчунна. И стаг тIаме хьажийра. Бутт баьлча вийнера иза цигахь. И гIуллакх цу тIехь а ца дирзинера: веллачун хиллачу хIусамнанас, ГIалгIайчоьнан йахархочо, ахча ийцира веллачу цунах. Шаьшиъ къаьстина хиларх бух битина ца хиллера цара ЗАГС-хь. Австрехь беха цуьнан керла доьзал "Iадийна бу" оцу хиллачух.

Дишни Ансар тешна ву, Нохчийчохь нах лечкъор ФСБ-н белхахойн тергонехь дӀахьош хиларх – шаьшьалца тергоне эцначу "кандидатийн" го билгалбоккхуш берш а уьш хиларх. НИЙСО-но дийцарехь, бакъо йоцуш стаг лацар ишта нисло: маьршачу нехан духарца герз а карахь масех кхерамазаллин белхахо – наггахь пхеа стаге гергга хуьлу терахь – маьршачу нехан машенахь керта вогIу, йа петаран неӀ туху, оцу стеган цӀе а йоккхуш. Дукха хьолахь дош ло цара, къамел дан вуьгуш ву – кертахь йа машенахь олий. Амма цара хьо цу сохьта дӀавуьгу.

"Ишта а нисло, ницкъахоша телефон туху, оцу стаге маса къамелдан, шайна тIе вола олий. И стаг латтон меттиг лармаш ца хуьлу гуттар, хила тарло и полицин декъан хьалхара, йа шолгIа гIат, йа оперативникийн кабинет. И бохург хIун ду, йуьйцурш цхьа къайленан каппаш йац. Дукха хьолахь, нах латтабо [МВД] гӀишлон леррина билгалъяьхначу кабинеташ чохь. "Къайлах набахтеш" а йу, амма цига дӀахьежош бу Ӏедална къаьсттина "маьӀне" болу нах, ткъа уьш цигахь латто йиш йу дуккха а сов - беттанашкахь", - бохуш, кхетадо Дишнис.

Нохчийчохь бахархошлахь резадацар чIагIлуш ду, ткъа цунна жоп лучу Ӏедало кхин тIе а чIагIйо винташ

Официалехь цхьана а кепара и стаг лацахь, хIоттош протокол дац, цхьа а процессуалан низам лардеш дац. Лачкъийна вигинчо адвокате телефон тохар йа прокуратурица зӀене вала аьтто хиларх лаьцна-м данне а дуьйцучохь дац, билгалдоккху цо. Формалехь кепаш лелайо, оперативан белхахочо гӀуллакх кхеле кхачо а, стаг набахте хьажо а сацам бича бен. Ишттачу хьолехь цара документаш кечдан а, материалаш кхуллуш а, харц "тешаш" юкъаозош а хуьлу.

Зулам хиллачунна луш болу харжам – тӀаме хьажор йа шайггара кхоьллинчу бехкаца набахте хьажор. Колонино иза ишта а вохуьйтур ву тIамтIе, амма тӀаккха хьелаш кхин а луьра хила мега, боху НИЙСО-н векало.

"Ма-дарра аьлча, зуламхойн Iазап дагатосу кху хьоло. Стаг лачкъаво, пайда боццу бахьана кхуллу шайггара – хуьлийла иза интернетехь йитина комментарий, йа телефон чохь карийнарг, йа цуьнан хатI, йа иза цхьаьна ветталуш болу го. Цул тӀаьхьа цуьнан гергарчаьргара ахча доьху. Нагахь санна мах ца лахь, цара кхерамаш туьйсу, цхьана хIумана шаьш иза "бехкевийр ву", тӀаккха цу стагана луьра набахтехь йаккха хан тухар йу бохуш. Ткъа карарчу хенахь, Оьрсийчоьно Украинана дуьхьал тӀом дӀахьочу хенахь, и кхерам хуьлу, лачкъийна стаг тIамтIе хьажор ву набахтера, йа гIуда тухучу камери чохь латтор ву, йа "цкъа йукъатуьйсучу" штурман тобанах дIатухур ву бохуш".

НИЙСО-н жигархоша чӀагӀдарехь, республикерчу хӀора кӀоштара полицин дакъойн куьйгалхошна церан лакхарчу хьаькамаша тIейожийна план йу, мел а дукха "лаамхой" вовшахтоха.

Тхан сайтан масех хьасто а тIечIагIйира и информаци. Цара бахарехь, тIамтIе хьажош ву милла а, хIуъа цуьнгара даьллехь а, ишта коммуналан декхарш цунна тIехь делахь а.

Жигархоша дIахьедарца, кхин а цхьа кеп йу лелош- ницкъахоша зудаберех пайдаоьцу и кхочушйеш: кIенташца зIе тосий, къамеле бовлу уьш, цул тIаьхьа дIахьедо шаьш марехь ду олий. ТIаккха кегийнах лечкъабо, марехь болчу зударшца уьйраш латтийна олий.

"Адресашкахула" а лелаш, нах лечкъийна ца Ӏаш, Нохчийчуьрчу ницкъахоша кест-кеста рейдаш йо некъаш тӀехь а. Цара машенаш толлу, машенлелорхой толлу, дӀалоьцу уьш. Тхан редакцино динчу зерашца, шо доладелчхьана НИЙСО-но хаам бина республикехь 50 сов цу кепара операцех лаьцна. ТӀаьххьарчех цхьаъ йара, церан информацица, марсхьокху-беттан 27-чу дийнахь дIайаьхьнарг. Товбеца-баттахь жигархоша гайтира рейдаш муха дIахьо. Нохчийчоьнан чоьхьарчу гӀуллакхийн министралло дуьйцуш дац и тайпа операцеш муьлхачу буха тIехь дӀайаьхьна. Официалан статистико чӀагӀдо, Оьрсийчохь уггаре а лахара зуламаш дечу регионех республика хилар, иштта - махкахь кхечу меттигашкахьчул а дукха нах тӀепаза бовш бу бохуш а.

Цхьадолчу хьелашкахь кадыровхой арабовлий массанхьахула а чекхбовлу, 2000-чу шерашкахь "зачисткаш" дIахьош хилла зама карла а йоккхуш. ХIетехь, НИЙСО-но чӀагӀдарехь, ницкъахой гIагI диллинчу техника тIехь кӀошташка чу а боьлхий, "хӀора цӀийнах" хьовсуш, чекхбуьйлура.

Иза хIума хилира стохка бIаьста а, гурахь а. Хьалхарчун бахьана дара "Дустум" аьлла тIейаздина машенах цӀе тасар. Цул тӀаьхьа "Мемориалан" бакъонашларъярхоша тӀечӀагӀбира, цIе тасар бахьана долуш 80-90 стаг махкахь лачкъийна вигина хиларх нохчийн жигархоша Iорабаьхна хаамаш. Къаной а, зударий а хиллера царлахь, ишта доьзалхочух зуда а.

ГIадужу-лахьан-беттанашкахь Соьлжа-гӀалин йистехь йолчу Петропавловская эвлана гергахь Росгвардин коврана тӀелатар динчул тӀаьхьа, ши эскархо а вуьйш, "зачисткаш" дӀайьхьира. "Мемориало" дукха хан йалале хаам бира бӀеннаш меттигера бахархой лечкъорах лаьцна, билгалдаьккхира билггал долу терахьаш а, деталаш а хаа аьтто цахиларх: "Лаьцначийн гергарчаьргара информаци схьаэца аьтто бац. Ткъа и лаьцнарг дIахецнехь-м муххале а ца хIуьтту гергарнаш бистхила".

ХIетахь лецначех цхьаннан цIе къастон аьтто белира –заьӀапхо Батыров Ризван вара иза. ХӀетахь дуьйна цуьнан кхолламах лаьцна хууш хӀумма а дац.

Нах лечкъор, ницкъбар – денна хуьлуш дерг ду

2025-гӀа шо доладелчхьана, НИЙСО-но бинчу хаамца, бӀеннаш нах бу низамехь а доцуш лецна Нохчийчохь. Мел лаххара а кхо стаг велла полисхойн декъехь хьийзийна – Тазуркаев Висхан а, Мухадиев ИсмаьӀал а, Домбаев Аслан а.

Чиллан-бутт йуккъе баьлча, НИЙСО-но бинчу хаамца, ТIехьа-МартантӀехь рейдаш хилира, муьлш бу ца хуучу наха меттигерчу школехь Нохчийчоьнан а, Оьрсийчоьнан а пачхьалкхан байракхашна цӀе тесначул тӀаьхьа. "Лечкъийначу нехан терахь массех бӀе стаг дара", - бохура жигархоша. Цара дийцарехь, лецначарна йукъахь хилла бераш а. Масех дийнахь хеттарш деш, рейдаш латтийра, цIе ца йоккху лазар тохкуш волчу школан хехона Далнаев Мухьаммадна тӀехь Ӏазап латтийра.

Изза бутт чекхболуш жигархоша хаам бира Серноводскехь стаг лачкъийна аьлла. Церан информацица 60 гергга стаг дIавигинера хIетахь, царех ах мехкарий бара. ТӀаьхьа царех хилларг хууш дац.

Iедалан гIуллакх жимма а дIа маллахь, адамо дIагойтур йу шайн эргIадалла

Цул хьалха а, цул тӀаьхьа а йух-йуха а хаамаш баьржира кхиазхой а, мехкарий а лечкъорх лаьцна. Зазадокху-бутт чекхболуш, НИЙСО-но бинчу хаамца, "бӀе сов стаг" лачкъийнера Соьлж-ГӀаларчу Катаяма олучу йуьртахь, царех цхьаъ ву 16 шо долу Алтамиров Заур.

Цул тӀаьхьа масех де даьлча, ТIехьа-Мартанахь полисхошна тӀелатар дира кхиазхочо Хумашве Эскерхана, царах цхьанна Ӏожалле чевнаш а йеш. Иза ша а вийра герз тоьхна. Хаамбора, цуьнан шен цхьа бахьана хир дара тIелата бохуш. Дукха хан йалале, НИЙСО-но бинчу хаамца, ницкъхоша лаьцнера цу кӀоштахь мел болу кхиазхочун гергара нах, шайна йукъахь бераш а, пенсхой а болуш; Москвахь волу цуьнан да а цхьаьна нуьцкъала схьавалийнера. Хумашевн дакъа нах гулбинчу "митинге" схьадеанера администрацин гӀишлонна улло, ткъа цуьнан гергарнаш нуьцкъала арабаьхна бохура Нохчийчуьра. Цхьа а бух боцуш, Кадыров Рамзана полисхошна тӀелатарна гунахь бу аьлла, бехке биненар уьш а.

Мангал-баттахь Соьлж-ГӀаларчу Березка олучу станицехь лачкъийна хиллера 17 шарера 19 шаре кхаччалц хенаш йолу 40 гергга жимстаг, жигархоша чӀагӀдарехь. НИЙСО-но бинчу хаамца, марсхьокху-бутт болалуш кхин а 10 гергга стаг лачкъийнера ТIехьа-МартантӀехь ницкъхоша.

Дукха хьолахь, дIахьедо жигархоша, Ӏалашо йу божарий Украине тӀаме бахийтар. Ӏай а, гурахь а лечкъийначех дукхахберш, НИЙСО-но дийцарехь, официалехь йоцчу "Дустум" цӀе лелош йолчу "Ахмат-Кавказ" полках дIатуьйхира– оццу Кадыров Адаман сий деш.

Кхин цхьа "тренд" гучуйолуш йу Оьрсийчоьнан кхечу регионашкахь нохчий лоьцуш йа цигара цӀаберзош. Шо долалуш жигархоша хаам бира цу тайпа гӀуллакхаш Кубанехь а, Волгоградан кӀошташкахь а хиларх лаьцна. Дукха хан йоццуш, НИЙСО-н хаамца, Москвара веана 26 шо долу медик лачкъийнера Нохчийчохь.

Маршонан редакцин цхьана хьостано дийцира шен вешин кӀантах Iоттаделларг. Кадыровхой иза лоьхуш баьхкича, цуьнан гергарчара аьлла хиллера, иза Москва болх бан вахана ву. Цул тӀаьхьа нохчийн ницкъаллин структурийн белхахоша дехар дахьийтинера Москвара шайн белхан накъосташка, иза схьалаха аьлла. Йохка-эцаран центрашкахь а цхьаьна ведикамераш чухула жимчу стеган сурт теллинера цара, тIаккха жоп деллера: гӀалахь цхьанхьа а гина вац иза аьлла. Цхьа хан йаьлча, йуха а цу кIентан гаргарчийн кочабахнера кадыровхой, дIадуьгур ду, лоьцур ду шу бохуш, царна кхерамаш а туьйсуш. ТIаьххьара а и кIант чоьхьарчу гIуллакхийн министралле дIавигира.

"Нохчийчохь нах лечкъор а, царна тӀехь гӀело йар а денна хуьлуш долчу дахаран дакъа хилла дӀахӀоьттина. Кхерамазаллин ницкъаша а, шаьш бахархоша а оцу хьолах дIабоьлла, цхьа хила дезаш дерг санна тIеоьцу и хьал. Уллора шен накъост, йа гергара стаг, йа вевза-везарг дIавиганза, йа нах лечкъорах хазанза цхьа а хир вац цигахь. Тхо тешна ду, нах кхин а алсам лечкъор бу де-дийне аьлла, Нохчийчохь а, Оьрсийчохь а эргIад оьху нах алсамбуьйлу, ткъа царна жоп луш, Ӏедало кхин а чӀогӀа тIекъуьйлу винташ. Пропаганда а, маьрша дахар долуш санна дIахIоьттина арахьара куц а доллушехь, Нохчийчоь дIалаьцна мохк хилла йисина. Цигахь лелаш дац йа Оьрсийчоьнан низам а, йа меттигера синбахаман гIиллакхаш а. Цигахь къайлахчу сервисаша тIехь терго а латтош, лелош харцо а, Iазапаш а ду», - бохура Дишни Ансара. Тхоьца къамелдинчу бакъонашларйархочо бахарехь, карарчу хенахь Нохчийчохь «тийна-тапъаьлла» ду хьал. Адам Iадийча санна деха, жимма сатоьхча, цхьа паргIато хир йолуш санна.

"ОьгӀазло а, резадацар а дӀа ца долу. Уьш гулло, диц ца ло. Цхьана муьрехь, диктатура меттаххьахь, нехан резадацаро цхьа йист йоккхур йу. Цу гӀуллакхо, дукхах долчу хьолехь, массо а протесташка а, тасадаларшка а, чӀир эцаре а кхачор ву. Медведев Дмитрий Ӏедалехь волчу хенахь, Кадыровна бухара гIант чIогIа лестара, тIаккха чамданаш кечйира элито. Со тешна ву, политикан курс хийцаелча йа Кадыровца йукъаметтиг талхахь, вайна гур ду меттигерчу ницкъаллин структурийн белхахойх а, хьаькамех а дуьзна кеманаш Персин айма йолчухьа дӀадоьлхуш", - аьлла, дерзийра къамел хьостано.

  • Дешан маршо къоьвлинчу Нохчийчохь социалан машанех дуьхь-дуьхьал латтаран майда хилла Iедалхошна а, оппозицин жигархошна а. Стохкалера шо довш Оьрсийчоьнан юридикан министралло шордира "арахьарчу агентийн" тептар, нохчийн блогерш Абдурахманов Тумсо а, Белокиев Ислам а, Халитов Хьасан а цу йукъа а тухуш. Шайн политикан дуьхьалончаша Iаткъамбар республикан Iедалхой сецон хьийзашшехь, уьш де дийне гоьбуьйлу, шайн аудитореш гул а йеш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG