Оккупаци йинчу Токмакехь блокпостехь эккхийтар дан кечамбина ву аьлла бехкевина кхо украинхо дехьаваьккхинера Нохчийчу – Соьлжа-ГӀаларчу лоьмар 1 йолчу талламан изоляторе. Цкъачунна официалехь комментареш йина йац бехкебинарш оцу дехьабахарх лаьцна, цундела уьш республике хIун бахьанашца баьхна а, къастаза дуьсу. ТӀаьхьарчу шерашкахь и регион къийсаме а, Кадыров Рамзана Украинерчу тӀеман йийсархошца доьзна лелочу гIуллакхийн а майда хилла дӀахӀоьттина. Йийсархой Соьлж-ГӀала дехьабахаро а, уьш "дийна турс" санна лелоро а, санкцеш дIайахахь хуьйцур бу бахаро а шеконе дуьллу дуьненаюкъара низамаш лардеш хилар. Цо гойту Оьрсийчоьно Украинана дуьхьал бечу тӀамна гонаха политикан ловзарш лелош хилар а.
Диктаторан ловзаршкахь кепекан меха а цахетар
2022-чу шеран гIадужу-баттахь Кадыровн диъ бер – Iайшат, Ахьмад, Эли, Адам хилира Оьрсийоьно Украинера схьайаьхначу меттигашкахь. Цара бакъйолчу тӀеман операцешкахь дакъалаьцча санна гойтуш дара и хьал, амма критикаша шеконе диллира, видеошна цара монтаж йина бохуш чӀагӀдора. Цунна тӀаьхьо мукӀарло дира нохчийн зорбанан министро Дудаев Ахьмада а.
Гучудаьлла ма-хиллара, тӀехьарчу декъехь йаьккхина хиллера видео. Цигара Кадыровн бераша цӀа балийра Донбассехь йийсаре лаьцна шаьш бохуш болу Украинан тIеман йийсархой. Цигахь республикан куьйгалхочо йийсархошца "адамалла" лелор тӀедожийра, уьш цӀа бахийта дош а деллера. Амма цул тӀаьхьа кхаа украинхочух билгалла хилларг - хууш дац.
Политологашна хетарехь, камера хьалха сурт хIиттош къамелдар оьшуш дара, нохчийн эскарийн гIуллакхаш дика ду аьлла дIагайтархьама. Цунах а, шен рогӀехь, пайдаэца гIоьртинера, нах тIамна йукъа озорхьама.
Редакцино хеттарш динчу эксперташа билгал ма-даккхара, Оьрсийчоьнан йукъаралла цец ца йелира тӀеман йийсархой регионерчу хьаькамна реклама йеш лелош хиларх. Цхьаммо а ца хоьттура, хӀунда, муха нисбелла украинхойн йийсархой тIамна эзарнаш километраш генахь йолчу Нохчийчохь? Кадыровс санна кхечу регионашкахь лелош буй-те Украинера йийсархой?
2024-гӀа шо долалуш Кадыровс элира Луганскехь а, Донецкехь а йийсаре лаьцна 20 Украинан вахархо шен доьзална дуьхьал Америко кхайкхийна санкцеш йухайахахь, ша хуьйцур ву аьлла. ТӀаьхьо, ур-атталла Ӏедална гӀортор йечу блогерша а цхьаьна критика йинчул тӀаьхьа, цо дӀахьедира, иза "ондда троллинг" йара аьлла.
Цу шеран гIадужу-бутт чекхболуш, йерриг а Оьрсийчуьра йолахой Ӏамочу Гуьмсера спецназан университетана Украино тохарш динчул тӀаьхьа, Нохчийчоьнан куьйгалхочо шен эскархошна омра дира, Украинан эскархой йийсаре ма лаца, уьш кара ма баьхкки, хIаллакбе аьлла. Базана тIетоьхначо а украинхойн бахархошна зен дина элира цо, дроно ах йохийначу гIишло чохь йийсархой латтош бара шаьш аьлла. Цул тӀаьхьа кхо де даьлча Кадыровс шен омра йухаийцира.
Украинхой леррина лелабо Кадыровс
Хетарехь, йийсаре лецна Украинан эскархой баккъал а цу республикехь дӀатарбеш хиларх тоьшалла дан, Кадыровн пресс-гӀоьнчалло зорбане йаьккхина хир йара видео, уьш лецначу метте вахана дIайазйина йолу. Иза билггал мичахь дӀайазйина, хууш дац. Кораш доцчу, амма дуьхьал цаца болчу, тIех-тIехула дехкина маьнгаш а долуш йолчу бетонан гӀишло чохь, иттаннашкахь болчу йийсархоша го бина лаьттачу Кадыровс хьийхира, уьш Нохчийчохь стратегин меттигашкахь "адамийн турс" санна лелабе аьлла. Иза дихкина ду 1949-чу шарахь, тӀеман йийсархошца лелар низамехь латтош йолчу Женеверчу конвенцино.
Украино кхайкхам бира Дуьненайукъарчу ЦIен ЖIаре, украинхойн 18 тIеман йийсархо Нохчийчоьнан дозана тIехь хилар талла аьлла. Церан йаххьаш а гойтуш йара видео тIехь.
2025-чу шеран зазадокху-баттахь Маршо Радион Украинхойн сервисан "Новини Приазовʼя" проекто, тӀеман йийсархошца дарба лелочу координацин штабана тӀе а тевжаш, хаам бира, Нохчийчохь 150 сов украинхойн йийсархо хила тарло, царех цхьаберш Соьлж-ГӀалахь болчух тера ду аьлла. Штабана хетарехь, Нохчийчоьнан Ӏедалша Женевера конвенци йохош йу, йийсархошца адамалла йоцу кепаш лелорца.
Йийсархошца лело ловзарг
Оьрсийчоьнан репрессийн низамаш бахьана долуш шен цӀе йовзийта ца луучу нохчийн экспертана хетарехь, Кадыровн а, тутмакхийн а йукъаметтигашкахь цецвоккхуш хӀумма а дац Нохчийчоьнан куьйгалхочо Украинерчу Оьрсийчоьнан тӀеман дакъошна цхьацца омранаш "луш" хиларал сов.
Муха дӀало эскаро тӀеман йийсархой Оьрсийчоьнан Федерацин субъектан регионан куьйгалхочуьнга? ХӀун гIуллакх ду Кадыровн эскарца? Шен кабинет чохь хиъна Ӏашшехь шарахь масийттазза шен тӀеман инарлин духар хийцар доцург, цо деш кхин хIуммаъ дац. Цул совнах, цуьнан хьал долчу маттаца "ондда троллинг" йу бохург а хIун ду", - аьлла, тидам бира эксперто Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь.
Иштта, йийсаре лаьцначу украинхошца лаьтта дерриг а дийцарш Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Украинана дуьхьал бечу тӀамехь "жигара дакъалацарна" Кремлера бонусаш йу аьлла хета Соьлж-ГӀаларчу цхьана университетан политологна.
"Кадыровс дуккха а ахчанаш хьежадо тIамна, политикан а, идеологин агIор а доккха дакъа лоцу цо. Хууш ду, финансийн дакъа – Москвано луш йолу трансферташ йу, амма билгалдоккху: цуьнга доладан деллачу дозана хьежош йолу. Кхин цхьа а Оьрсийчоьнан губернатор вац хьалхарчу дийнахь дуьйна Кадыров санна тӀаме йукъаозийна. Гуьмсерчу спецназан университетехула дӀаэцначех дукхахберш Оьрсийчоьнан кхечу регионашкара нах белахь а, ткъа ша Нохчийчоь баккъалла а цхьанхьа чаккхенгахь йу "адамийн ресурсийн" терахьца. Амма куьйгалхочун зевнечу пиаро сурт кхуллу, Нохчийчуьрчу бахархоша цу тӀамехь дуккха а дакъалоцуш хиларх. Ткъа ахчанца, ма-дарра аьлча, мах дӀа а лой, оьцу цо и бонусаш а, кхинйолу "хIонсаш" а,- аьлла хета нохчийн политологна.
Закъалтхой
Къилбаседа Кавказехула эксперт волчу, украинхойн стратегин коммуникацийн а, информацин кхерамзаллин а Центран белхахочунна Майоров Максимна хетарехь, Нохчийчуьра украинхойн тIеман йийсархой а, политикан тутмакхаш а - республикехь гIаттамхоша дуьхьало латточу заманчохь Кадыровс закъалтана нах а лоьцуш, даьржина хиллачун тIаьхье йу. ХIетахь кадыровхоша лечкъабора тIемалойн гергарнаш. Нохчашца доьзна аьлча а, и зулам а дIадаьлла дац хIинца а, цунна тоьшалла до Мусаева Заремас. Уггаре а гIарадаьллачух ду и, амма цхьаъ бен доцу масал дац.
"ХIунда бу украинхой закъалтхой? ХIунда аьлча, Кадыров, ша шантажхо а, адамаш лечкъориг а хиларе терра, царна тIехь шена хеттарг деш хиларна. Масала, Женевон конвенцийн пусар ца деш, цо кхерамаш туьйсу, Украинин дронех "адаман турс" санна, шен тӀеман объекташкахь тутмакхаш дӀахӀиттор бу аьлла. Кадыровн шатайпа хьажам бу украинхошца. Лай хила марзвеллачу цунна вас хуьлу Украинехь ша сийсазвеш а, беламе а хетарна а. Цундела цо "шен дог Iабадо" дуьхьало йан йиш йоцчу тутмакхашна тӀехь. Цул совнаха, республикерчу таханлерачу Ӏедалша Оьрсийчоьно нохчашна дуьхьал бинчу тIамна а бехк буьллу арахьарчу ницкъашна: "арахьара йолахошна", "Малхбузера марионеткашна", иштта дӀа кхин а. Ткъа цу агӀор цара диц ца до Ичкерин агӀор тӀемашкахь Украинан ламмхоша дакъалацар", - чӀагӀдо Майоровс.
Иштта цо карладаьккхира, Ичкерин агӀончашца цхьаьна федералан эскаршна дуьхьал тӀом бина бохучу шина украинхочунна тӀехь Соьлжа-ГӀалахь 2015-2016-чу шерашкахь йина хилла кхел а. Цу тӀе кхайкхамаш беш, Кадыровс кест-кеста дӀахьедо, ша украинхойн национализман мостагӀ ву бохуш. Оьрсийчоьнан Ӏедалша политикан лелар, цуьнан аларш хала ловш хиларал совнах, леррина лелайо и акхалла Украинина дуьхьал, шатайпа ламастехь доцу герз санна. Йийсаре лаьцна а, чубоьхкина а болу украинхой Оьрсийчоьно Кадыровн карабалар - лайшца йохк-эцар лелор доцург кхин хӀума санна мах хадо хала ду, чӀагӀдо эксперто.
- Къилбаседа кӀоштан тӀеман кхело 2024-чу шеран дечкен-баттахь хан тоьхна Водолазскийна а, Дзюбана а, Федосенкона а, царна I0 шарера I5 шаре кхаччалц хенаш кхайкхийра. Бехкебечара чӀагӀдора, шайна тӀехь Ӏазап лелийна бохуш.
- Бакъонашларъяран "Мемориал" центро политикан тутмакхийн тептаре йазвина ГӀирмера тӀай эккхийтарца доьзна гӀуллакхехь бехке веш волу 8 стаг. Церан гӀуллакх карарчу хенахь къевлинчу рожехь луьстуш ду Ростов гӀаларчу Къилбаседа кӀоштан кхелехь.
- Кавказ.Реалии сайто кIорггера йаздира Къилбаседа кӀоштан тӀеман кхело йийсаре лаьцначу украинхойн гӀуллакхаш муха луьсту а, царна таӀзарш муха до а.