ТӀом болабелчхьана нохчийн массех дакъа ду Украинан агӀор Оьрсийчоьнан эскаршна дуьхьал тӀом беш. Царех цхьаъ - Европе дIабахначу Ичкерин агӀончех лаьтта шейх Мансуран цIара батальон йу. Тхан сайтана йеллачу интервьюхь тӀемалоша дийцира хила тарлу маслаIатан дийцарийн хьокъехь шайна хетарг а, батальонна хила луучу жамӀах а, кадыровхошкахьа болчу шайн хьежамех а лаьцна.
– Кхаа шарахь а эхашарахь а тӀом лаьттинчул тӀаьхьа Оьрсийчоьнна а, Украинана а йукъахь машаран дийцарш карладаха хьийза. Мел лаххара а Американ президенто Трамп Доналда чӀагӀдо карарчу хенахь Оьрсийчоьнан а, Украинан а куьйгалхойн цхьаьнакхетар кечдеш ду бохуш. ТӀеман чакхе муха хилар къобалдийр дара аша?
СаьIид, шейх Мансуран цIарахчу батальонан пресс-секретар: Уггар а хьалха – Оьрсийчоь йохор, Украинан а, Ичкерин а халкъашна гергахь капитуляци йар а. ШолгӀа: кхин йолу республикаш а Оьрсийчоьнах йозуш йоцуш йаха аьтто болуш хилийтар а йу тхан коьрта Iалашо а, лаам а.
– Путин Владимирца бартбалур бу аьлла хетий хьуна?
- Мансур, БШМ-н буьйранчан гӀовс: Оьрсийчоьнца дийцарш дӀадахьаран цхьа а маьӀна дац, къаьсттина шайн дозанаш дIа а луш. Тхешан зеделлачух хаьа, Оьрсийчоьнан Ӏедалца бина муьлхха а барт иза цунах лаьцна йаздинчу кехатан мах болуш цахилар.
СаьӀид: Тхо тешна ду, оцу дийцарша хӀуммаъ а дерзорг ца хиларх. Оьрсийчоь шен ма-хуьллу хан йойуш йу, шен ницкъ йуха а тIегулбан, тIаккха Украинан эскаршна а, маьршачу бахархошна а керла тохарш дан а. Амма иштта шолгӀа верси а йу: ша тӀом сацорна дуьхьал цахилар гайта лаьа Кремлна, шена тӀера бале йевлла санкцеш дӀайахийтархьама.
- ТӀеман техникаца а, патармашца а къоьлла нисъеллий шуна? Хьан гIо до шуна?
Мансур: Уггаре а хьалха оха тхаьш кхачо йо тхайна, цул совнаха тхуна гӀо до волонтераша а, тайп-тайпанчу пачхьалкхашкахь бехачу тхан махкахоша а, тӀемалоша а. Тхо ларош ду, оьрсийн-нохчийн шина тӀамехь зеделларг тхешан хиларна.
Идрис ЧIебарло, БШМ-н штабан куьйгалхо: Тхо Нохчийчохь дуьйна марзделла ду тхайн проблемаш тхаьш йерзо а, муьлххачу а гIуллакхашца ларон а. ЦӀахь хиллачуьнца дуьстича, Украинехь хьелаш бӀозза тоьлла ду. Цхьадолу хӀуманаш оха тхаьш до, цхьайолчу меттигашкахь эскарша шайн ницкъ ма-кхоччу кхачо йо тхуна. Амма доцца аьлча, деш-дуьтуш доцуш ца Iа тхо, цхьаьнгге а хӀуммаъ а йоьхуш дац тхо. Даима а гӀиртина ду тхо цхьаннех а дозуш доцуш хила, цхьаннах хьо возуш велахь, куьйгаш-когаш дихкина хуьлуш ву хьо.
– Украинхошкахьа тIемаш беш йу кхин цхьа батальон – Дудаев Джохаран цIарах. Шун цаьрца йукъаметтигаш муха йу?
Идрис: Дудаевн цӀарах йолу батальон а кхоьллира оха. Цхьана декъахь дуккха а тхаьш вовшахкхетча, оха хьесап дира, шина декъе декъадала. Цхьаберш Луганскан агӀор дӀабахара, ткъа тхо - Донецке. Дудаевн цӀарах йолу батальон официалехь Украинан ТIеман ницкъийн структуран декъашхо хилла, хӀинца церан тӀемалой декхаре бу царна муьтӀахь хила а, церан тӀеман низамаш а, эскаран низамаш а лардан. Амма, бакъдерг аьлча, гергарлонаш хедийна дац оха, зӀенаш латтайо, оьшучу хенахь вовшашна гӀо-накъосталла а до, цхьаьна охьаховший, чай а молу оха.
Шейх Мансуран цIарах шолгIа батальон
– 2023-чу шеран гIадужу-баттахь Кадыров Рамзана дIакхайкхийра Нохчийчохь шейх Мансуран цIарах шайн батальон вовшахтоьхна шаьш, иза Оьрсийчоьнан тIеман министраллина чу йогIуш хир йу аьлла. Аша и хаам муха тIеийцира?
Идрис: Ма-дарра аьлча, и батальон кхоьллинарг Кадыров вацара, ФСБ-н белхахой бу. Шеко йац иза тхуна дуьхьал кхоьллина хилар, шейх Мансуран батальонан цӀе йайа, шайн агIор дуккха а нах хилар гайта, шайна реклама йархьама дина хIума ду и. Ткъа тхо гучуьра даха а, халкъан иэсера дайъа а дина ду. Амма церан и тоба вовшахтохар кхиаме доцуш а, Iовдал а лору оха. Мила вара шейх Мансур? ХӀун дира цо? Хьаьнца тӀом бина цо? Хьан вийна иза? И дерриге а къастийначул тIаьхьа, жоп гуш хуьлу.
Цундела, вай х1ун эр ду, мел чIог1а угIарх жIалех борз хир йац, дашо нуьйра тиллахь а, вирах говр а хир йац, мел чIогIа йамартхошна лаарх, царах йа турпалхой а хир бац.
Билгалдаккхар: Шейх Мансур – динан а, тIеман-политикан а хьалханча вара ламанхойн. Шейх Мансур – Къилбаседа Кавказан хьалхара имам ву. Ламанхой маьршабахаран халкъан боламан куьйгалла дина цо 1785-I79I-чу шерашкахь. Анапа гIап дIалаьцначул тIаьхьа 1791-чу шарахь йийсаре лецира иза, Екатерина ШолгIачун омраца Шлиссельбургера гIап чохь латтийра иза, цигахь кхо шо даьллачул тIаьхьа кхелхира.
– Кадыровс масийттаза кхерамаш тийсира шуна, шун коьртех ахча лур ду а бехира. И дIахьедарш муха лов аша?
Идрис: Оха кхин башха схьа а ца лоьцу цо мел бохург. Оха жоп дала хьакъ болу нах бац уьш. Нагахь санна, шаьш ишта чIогIа ду цара бохуш делахь, шаьш хьуьнаршца схьагайта.
– Шух дуккха а нах хир бу социалан машанашкахь йиллина аккаунташ лелош, Кадыровна дуьхьал къамелаш деш. Даймахкара шайн доьзалшна са ца гатдо аша?
Идрис: ХӀаъ, тхох цхьаболчийн гергарнаш Нохчийчохь бехаш бу, уьш бале а лоцу цигахь. Тхо охьатеIар дац кIиллой санна, хӀунда аьлча, кадыровхошна оьшург и ма дуй. Тхо тийна-тапъаьлла Iахь, йа тхо хIуммаъ а ца лелош Iахь а, уьш совцур болуш бац. Со кхета, хӀара чӀогӀа хала хIума ду, тхешан гергарчу нахах дог а лозу тхан, амма нагахь санна харцонна дуьхьало йан хьайн ницкъ бацахь, тӀаккха мукъане а доьналла хилийтахьа, цуьнан толамна тӀараш ца детта.
– Оьрсийчоьнехьа тIемаш бечу Къилбаседа Кавказан бахархошка масийттазза дистхилира шу, шайн "карадуьйла", тIом а ца беш бохуш. Цхьа а шух схьакхийтирий?
Идрис: ХӀаъ, оха хӀинца а боху: царна хьалхара дала ма гIерта, йухадерза некъаш лаха, шайн дахар а, сий а кӀелхьардаккха. Бакъдерг аьлча, массо а бохург санна, тхох схьтаветталуш ву аьлча, и бакъ хир дацара. ХӀетте а, цхьаболчарна тхо хеза, хIара хIуммаъ а атта болх ма бац. Ведда кӀелхьара вала луучунна, церан Оьрсийчоьнан буьйранчаша тIе герз дохуьйту. Амма бу иштта кIелхьарабевлла, тхох схьакхеттарш а. И нах Iалашбархьама церан цӀерш йохур йац оха.
– Дахначу мукъачу деношкахь Нохчийчоьнан Ӏедалша дӀахьедира, шейх Мансуран цIарах шайн батальоно Харьков агӀор "исбаьхьта аьттонца тӀеман операци" дӀайаьхьна, Украинин эскархойн масех блиндаж а, минометан экипаж а йохош аьлла. Цу хьокъехь хӀумма а хаьий хьуна?
Идрис: Цкъа делахь, нагахь санна цара цигахь "исбаьхьа чIогIа операци" дIайаьхьнехь, схьагайта йеза-кх цара и. Ишта чIогIа тIемалой а ма бац уьш. ШолгӀа делахь, Оьрсийчоьнан эскарш цу дозана тӀе а ца довлуш, герзаш детташ хуьлу, ткъа украинхой, цаьрга сатийса кӀорда а дой, цигара дӀабоьлху. Цхьа бӀогӀам а боцуш, цхьа зингат тIехь а доцуш, меттиг йу цара дIалуш йерг царна. ТӀаьххьарчу хенахь кадыровхоша схьадаьхначу дозанех лаьцна суна хезна дац.
– Официалехь Нохчийчохь долчу Iедалхоша а, динан дайша а Украинехь тIом бар "гIазот ду" боху. Украинхойн агIор тIемаш бар, шуна хIун маьIна долуш ду?
Идрис: Бохкабеллачу наха "джихIад"бохуш, дӀакхайкхийча - чӀогӀа беламе хуьлу. ДжихӀад, гӀазот - иза нийсонехьа, маршонехьа, бакъдолчуьнгахьа беш болу тIом бу. Нехан мохк схьа а баьккхина, маьрша нах а бойуш лелар - джихIад ду муха эр ду? И цхьана а кепара догIуш дац. Цхьа накъост ву "Алды" тIе йазйина байракх а карахь, украинхошна тIе йетташ. Алдыхь хьан къам хIаллакдинарш оьрсийн эскархой ма бу, ткъа хьо царна хьалхаваьлла Украине а веана, царах леташ ву. Оцу къомах манкурташ беш бу цара.
Тхуна хIара Нохчийчохь болабелла тӀом бу. ХIара тхешан маршонехьа кхиндIа а къийсам латтор ду тхуна.
– Нохчашна а, кадыровхошна а йукъахь хIун башхо йу кхеташ буй украинхой?
Идрис: 2014-чу шарахь Украинехь тIом иккхича, дуккхахболу украинхой кхеташ бацара, шайн кхерамзаллин дуьхьа бахкинчех а, тIеман вукху агIор нисбеллачех а. Тхоьца болчу накъостех цхьаберш "Аьтту секторе" дехьабевллера, цигахь гергарлонаш тийсинера, цаьрга олуш хиллера: "Цхьана агIор, шу, нохчий, тхан лаьтта тIехь дехаш лу, цхьанхьа а болх беш дац, тхан чоьтах дехаш ду, вукху агIор - тхо дайъа даьхкина шу".
Хьалхарчу беттанашкахь нохчийн доьзалийн адресаш схьа а лехьош, цара болх бен йа бизнес лело меттигаш толлуш, уьш махкара арабаха гӀоьртира украинхой. Амма тӀаьхь-тӀаьхьа дуккха а хӀума хийцаделира. Украинхой кхета буьйлабелира, Нохчийчуьра баьхкина нах мостагӀий а, тӀелатархой а цахиларх. Шайна лаамехь цара даймохк дIа ца тесний а хаьа, Кремлана гӀуллакх дан баханчара лелочу Iазапех, йамартлонех бевдда баханий а кхета. Тахана, нохчийн лаамхой гучубуьйлучу гӀаланашкахь кхечу кепара бу цаьрга болу хьежамаш.
- Карарчу хенахь Украинин эскарехьа тIемаш беш Ичкерин агIончех-нохчех лаьтта масех батальон йу. Шайх Мансуран цIарах батальон; Дудаев Джохаран цIарах батальон; "Акха арданг" дакъа; Special Operation Group (SOG) а, Гелаев Хьамзатан цIарах батальон а.
- Украинехь тIом болабелчхьана Кадыровх уггар а коьрта Оьрсийчоьнан агрессин рупор хилира. Шен телеграм-каналехь цо денна дуьйцура нохчийн эскархой чу кхачарх, цара тIамехь лелочух, байташ йоьшура шен мостагIашна лерина. Кадыровхой Украинехь гIарабевлира "тикток-эскарш" аьлла: тIеман эксперташна а, тешашна а хетарехь, нохчийн салтий Оьрсийчоьно схьайаьхначу территореш тIехь бу. Цигахь цара роликаш йоху йохийначу гIишлошна йукъахула герзаш детташ а лелаш, маьрша нах "кIелхьарбоху" шаьш бохуш.