Нохчийчоьнан куьйгалхочун ден 75 шо кхочучу деношкахь мехкан парламенто хьийхира 2026-гIа шо Кадыров Ахьмадан "Иэсан шо" ду аьлла, дIакхайкхо деза. Тхан сайто дуьйцу официалан нохчийн мифологин коьрта турпалхочун винчу дийнах къоман деза де муха хилира а, тахана и муха билгалдоккху а.
ХӀора шарахь марсхьокху-беттан 23-чу дийнахь, Нохчийчоьнан карарчу хенахь куьйгалхо волчу Кадыров Рамзанан да винчу дийнахь, республикехь даима а дӀахьо тайп-тайпанчу кӀошташкахь,урхаллашкахь, йуьртан синбахамаллин кхерчашкахь кеп-кепара гуламаш. И де тӀекхачале дуккха а хьалха массо а тӀегӀан хьаькамаша а, республикерчу хаамийн гӀирсаша а дуьйцу цо нохчийн халкъан дахаран массо а декъехь: културина а, исбаьхьаллина а тӀера экстремизмаца а, терроризмаца а къийсам латторна тӀекхаччалц динчу гуллакхех лаьцна. Ткъа суьйранна, цу дийнан жамӀ деш, мехкан коьртачу концертан гIишло чохь гулло Нохчийчоьнан берриг а жигархой.
Политологаша билгал ма-даккхара, Кадыров Ахьмадан вина де сил беса даздар логикехь ду, хIунда аьлча, "тахана Нохчийчохь йолчу политикан мифологин гурашкахь", иза тIеоьцу кхузаманан нохчийн пачхьалкх кхоьллинарг волуш санна.
Халкъан безам а латтийта безара
Кадыров Рамзан тоххара а гӀиртира шен да вина де историхь дIайаздина ца Iаш, иза кхелхина де а цхьана иэсехь даха дисийта. Кадыров Ахьмад эккхийтира Соьлжа-ГӀаларчу "Динамо" стадионехь 2004-чу шарахь стигалкъекъа-беттан 9-чу дийнахь. Беккъа шен доьзалах Iоттабелла бохам, шеко йоццуш, дерриг а нохчийн халкъана бохамечу хиламе нисбан хьийзара мехкан куьйгалхо.
Цкъа хьалха, 20I0-чу шарахь, Кадыровс дӀакхайкхийра, Сталина къам махкахваьккхинчу деношкахь чиллан-беттан 23-чу дийнахь республикехь билгалдоккхур ду "Дагалецаман а, гӀайгӀанан а де" аьлла, ткъа шолгӀачу шарахь и де дӀатетира стигалкъекъа-беттан 10-чу дийне. Махкара бахархой кхетийра, цу дийнахь дIахьур бу нохчийн халкъан историхь мел хиллачу бохамашна лерина барамаш, шайлахь Сталина къам махках даккхар а, Кавказан тIом а, оьрсийн-нохчийн хилла ши тIом а.
Депортацица доьзна бохаме де тӀаьхьатеттар лазаме тӀеийцира Нохчийчохь. Эххар а республикерчу Ӏедалан дийзира уьш йуха а дӀасакъасто: хӀинца чиллан-беттан 23-чу денна лерина барамаш Кадыров Ахьмадна леринчу "Тезетан дийнах" къаьстина дӀахьош бу, ткъа иза вина де хьалха а санна культан коьрта дезде санна дуьсуш ду.
Кху шарахь тера дара, Кадыров Рамзанан могашалла талхаро Iаткъам бина хилар цуьнан да вина де даздарехь, аьлла синхаам кхоллабелира. Тхан редакцица къамел динчу республикерчу бахархоша билгал ма-даккхара, урамашкахь хьалхалерра жигаралла а, деза де ду аьлла, синхаам а бацара. Кадыров-воккхачун денна лерина йина йевлла гIишлош схьайелларх а, дӀадаьхьначу даздарех а, тактикан герз деттарехь хIоттийначу чемпионатах а лаьцна хаамаш могӀарерчу наха тидамза битира
Ша Нохчийчоьнан урхалхочо дакъа ца лецира шен дай баьхначу Ахмат-Йуьртара маьждигехь Iуьйран ламаз деш а. Цигахь вовшахкхеттера цуьнан боллу гергара нах а, цуьнан го а. Ламаз динчул тIаьхьа берриш а цхьаьна Кадыров Ахьмадан коша тIе хIитта бахара.
"Халкъан безам" бу могушалла эшна йогIучу кIентан бIаьргаш чохь?
Оцу йуккъехула Нохчийчоьнан парламенто 2026-гӀа шо Кадыров Ахьмадан шо аьлла сацам бар - доза доцу мотт хьекхар а, нохчийн парламентан декъашхой Кадыров Рамзанна а, цуьнан доьзална а чIогIа муьтIахь бу аьлла, дIагайта а лаамца лелош хIума ду. Ишта билгалдаьккхира тхан сайтаца хиллачу къамелехь нохчийн политолого, Соьлжа-ГIаларчу цхьахйолчу лакхарчу доьшийлан хьехархочо (цуьнан цIе кхерамзалла ларйеш ца йоккху).
"Суна хетарехь хила тарлуш делахь а, хӀора дийнахь вайн бӀаьргашна хьалха гӀеллуш волчу Кадыров Рамзанан коьрте кхача тарло ойла, шена дукхавеза а, шен ден "некъана" тешаме болчу наха Ахьмад-Хьаьжин иэсан сий хьакъ доллуш деш дац аьлла. Халкъан дог даийта ма дезий, "хьалхарчу президентан тIаьхье" йезийта а, ларийта а. Ткъа Кадыровн ойланаш, вайна ма-хаъара, кхочушъйан ницкъ болуш ю, къаьсттина иза дийна волуш цунна тешаме болчарна уьш хиъча", - бохуш, дийцира къамелдечо.
Цхьа наркотикех вуозар санна хIума ду хIара
Европера нохчийн диаспоран йукъаралхочо Ломаев Мусас тидам бира редакцица шен хиллачу къамелехь, иэсан политиках мел хьакхалучу сацамашкахь тахана хIоьттинчу хьелашкахь, дика агIо а хиларан: "Дуьйцург ду культ йаржор, и латтор Кадыровн гонна бен лууш дац, хIунда аьлча, уьш дика кхеташ бу, нагахь санна Рамзан дIавалахь гергарнаш а, цуьнан бIанакъостий а шайгарчу даржех бевр буй а, шайна дуьхьал бехкзуламан гIуллакхаш дохур дуй а. ХIинца куьйгаллехь волчуьн ден шо аьлла дIакхайкхо хьийзар бу уьш, Кадыров чIогIа мехала ву аьлла федералан центр тешорхьама".
2026-гӀа шо Кадыровн шо ду аьлла дӀакхайкхор карарчу хенахь республикан куьйгалллехь волчунна хьесталуш дина хIума ду, аьлла хета гӀараваьллачу блогерна, Европехь нохчийн диаспорин жигархочунна Белокиев Исламна.
"Массарна а хууш ду, залкъ оцу сацамашна гена хилар, царна и нах хIуммаъ а боций. Де дийне мел долу гIора эшна, гIуллакхашна йуьстах вуьйлучу Кадыровна цхьана кепара тоьшалла дан дезаш хилар ду, иза а, цуьнан доьзал а хӀинца а цхьа маьӀна долуш бу аьлла. Цигара схьа йу мидалш а, доьзалан декъашхошна луш долу совгӀаташ а, цӀераш а, регалеш а. Иза наркотикех вуозар санна хIума ду, цу адамна хаддаза доза лакхадаккха дезаш хуьлу, хӀунда аьлча, хьалха хиллачо кхин луш йац хьалхалерра кафй", - дийцира Белокиевс редакцица хиллачу къамелехь.
- Нохчийчохь кхуллуш йу Кадыров Ахьмадан культ – Ичкерин хилла муфтий, цул тIаьхьа Оьрсийчоьно хIоттийна республикин президент, тахана Нохчийчоьнан урхаллехь волчун да ву иза. Кадыров Ахьмадан цIе лелош йу ЦIоьнтара (Ахмат-Йурт), 300 сов урам бу Нохчийчохь а, кхечу регионашкахь а, пачхьалкхашкахь а, Санкт-Петербургера тIай, "Донречфлот" теплоход, маьждигаш а, хьуьжарш а, дешех а, дезачу тIулгех а йина орден, Нохчийчоьнан лаккхара свгIат, орбите хьажийна мини-спутник, Нохчийчохь куп тоьхна, тIеман министраллин а, Росгвардин а 14 дакъа а , полк а.
- Хьалхо эксперташа бохура регионехь Кадыров Ахьмадан культ йаржоро "динан билгалонаш" а цхьаьна схьаэцна. "Дала ваийтина ву" бахар Нохчийчоьнан куьйгаллина оьшуш ду, мел а шайгара Iедална легитимизаци йан а, шайна кхерамзалла латто а, дIахьедира нохчийн оппозицин НИЙСО телеграм-каналан векалша.