ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Вовшашна герзаш деттар": Оьрсийчоьнан эскархоша шаьш шайна чевнаш йина - ахчанаш эца а, тIамна кӀелхьара бовла а


Гвардин 83-чу бригадера иттаннашкахь оьрсийн десантхоша вовшашна герзаш диттина, хӀора инцидентах кхоккха миллион соьман барамехь йинчу чевнех ахча эцархьама. Вовшашна герзаш диттина цара, дахарна кхераме йолчу меженех ца кхоьтуьйтуш. Ткъа Оьрсийчоьнан федералан телеканалаша сюжеташ арахийцира, эпсарийн хьуьнарех лаьцна дуьйцуш. Хьалхарчу канало царех "шатайпа снайперийн тоба" элира. Кремло Ӏуналла дечу "Коммерсант" газето, Талламан комитетана тӀе а тевжаш, чӀагӀдо шаьш шайна тIе герзаш детташ лелийначу махинацешна йукъахь дакъалоцуш 35 стаг хилла бохуш. Амма Настоящее Время телеканалан журналисташа къастийра, оцу кепара гIуллакхаш дуккха а хилар, цхьаццанхьа ахчанан дуьхьа лелош цахилар а

Оьрсийчоьнан армехь "вовшашна герзаш деттар"

Эскархоша шаьш-шайна герз тоьхча, масала, куьйгах йа кога - цунах "ша-шена герз тохар" (самострел) олу. Настоящее Время телеканалан журналистан аьтто хилира цу оьрсийн эскархойх цхьаьнца къамел дан. Бертаза вахийтинера иза Украинана дуьхьал бечу тӀаме. Цуьнан кхерамзалла ларйъеш, оха цуьнан цӀе а ца йоккху, йа цуьнан юьхь гойтуш а яц.

"Ас жгуташ кечдинера. Ас сихха шиъ йихкира - чевнна лакхахь а, лахахь а. Суна ма ца хаьара, хӀун хир ду. Ткъа кхин цхьана кӀанта, иза а салти вара, изза дира. КхоалгӀачо- герз деттара. Цо шинне а герз деттара, ткъа воьалгӀачо кхоалгӀачунна деттара. Оха барт бинера настарх, гIогIах, куьйгах тухур ду герз аьлла. ЦIий хьаьдира. Довха. Сан мача цIийъ йуьзнера. Гуш дар-кх хьуна и мел дукха ду а, мел дукха арадуьйлу а", - дийцира цо.

Вовшашна чевнаш йар бахьана долуш, аьтто бира тӀамехь дакъа ца лаца. "Суна ца лаьара цигахь хила. Тхо цига Iехина дигина дара", - боху салтичо.

Коьртаниг, оцу эскархочунна хетарехь, тӀеман лоьрийн хьох шеконаш а хилла, и гIуллакх нахала ца даккхар ду. Вуьшта – штрафбат, йа трибунал хир йара.

"Герз туху кхераме йоцчу геналлера, кхана-лама комиссин аьтто ца хилийта, цара шаьш шайна тIе герзаш диттина, йина чевнаш йу аьлла. ХӀунда аьлча, техникан агӀор иза иштта кечдина ду, тоьпан герз доцург, оцу каналчуьра хIоьънийн газаш а цхьана арайуьйлу. Ткъа нагахь санна, герзаш дукха уллора диттинехь, тӀаккха чов хилла ца Ӏаш – герз кхеттачу меттиигера дилха а цхьаьна дагийна хуьлу", - боху OSINT-ан "Прощай Оружие" проектан аналитико Альшанский Алексейс.

Цундела, гонахара дилха дагийна ду, йа дац а хьожий, эксперташа къастадо эскархочо ша шена герз тоьхна йа ца тоьхна. Оьрсийчоьнан эскарехь цу кепара Ӏора а ца баьхна, тӀеман операцешкахь дакъалаца аьтто ца баьлла "шаьш шайна герзаш диттинарш" мел бу хьесап дан йиш йац.

"Ас кест-кеста ойла йо оцу хиламийн, амма эххар а хьесап хуьлу сан, оцу суо нисвеллачу хьолехь ас динарг нийса дара аьлла. Вовшашна герзаш деттар ца дуьйцу аса, оцу конфликтан боллу мур буьйцу", - дийцира салти лаьттинчо.

Оьрсийчоьнан эскаран цу салтичун гӀуллакх ду "классический самострел" олург. Чевнаш йинчул тӀаьхьа тIамна йукъара воккху иза, дарбан цӀийне кхачаво, цул тӀаьхьа Оьрсийчоьнан армих кӀелхьара валар, иза йу коьрта Ӏалашо. Амма "классикех доцу вовшашна герзаш деттар" кхолладелла Ӏедалша коммерцин бух тӀехь нах Оьрсийчоьнан эскаре кхайкха буьйлабеллачул тӀаьхьа. Цул сов, хаддаза тӀеман операцешкахь дакъалацарна ахчанаш алсамдахар, ткъа иштта йинчу чевнашна ахчанаш далар. Аьлча а, "классикехь доцу шаьш шайна герзаш деттаран" коьрта Iалашо йу – ахча эцар.

Дахначу шеран чиллан-баттахь "Чалтач" цIе йолчу эскархочух лаьцна дозаллица дуьйцура Оьрсийчоьнан Хьалхарчу каналан эфирхь.

"ХӀаваан-десантан эскарийн цхьана дакъойн лакхара снайпер. ХӀинцца Авдеевкера цӀа веана иза, цигахь ворхӀалгӀа а чевнаш йинера цунна. Цуьнан гIагIдиллинчу жилета кӀел нисъйеллера гериг, даг тӀе кхача герга а долуш", - аьлла дуьйцура сюжетехь.

Ткъа "Чалтача", гучудаьлла ма-хиллара, и чевнаш ша шена герз диттина йина хиллера, барт а бина, ахчанаш а, совгIаташ, сийлаллин цIераш а шена йалийтархьама.

"Чалтачах" дийцар

Оьрсийчоьнан Коьртачу тӀеман талламан урхалло дӀахьедира, "Чалтач" - подполковник Фролов Константин воцург, кхин а 35 эскархочо дакъалаьцна хиларх шаьш-шайна гераш деттачу хенахь. Цара массара а, тӀеман талламхошна ма-къасттара, вовшашна герзаш диттинера – цхьаболчарна когех, вукхарна пхьаьрсех. Дукха зенаш ца хилийта а, дуккха а ахчанаш далийта а. Эххар а, чевнаш йарна царна кхачийра 200 сов миллион сом (2,5 миллион доллар сов).

"Оцу, цара ма-баххара, халкъ маьршадаккха лиъначийн мотиваци гуш йу. Ахча ду иза, бизнес йу. Нах шайна машен эца ахча даккха боьлху, петар эца ахча даккха боьлху нах. Цхьаболчеран аьтто хуьлу. Путинна а, цуьнан гонна а иза йоккха бизнес йу, цара схьайоху заводаш, фабрикаш, шахташ, доллу дозанаш, гIаланаш. И боллу йолахой, лаамхой, маьршачу дахарехь шайн меттиг ца карор бахьана долуш, нах бойуш, изза кепаш лелош бу", - бохура ОвхӀанистанан тӀеман ветерана Гуляев Сергейс.

ТӀом боьдучу хенахь тӀеман хьелашкахь йина баьхначу чевнех дуккха а миллионашкахь ахчанаш делла ца Ӏаш, "Чалтач" снайперна а, цуьнан эпсаршна а Кремлан цӀарах мидалш йелира "Доьналлина" а, "Майраллина" а. Официалан кехаташ тIехь йаздина ма-хиллара, турпалалла гайтарна. Масала, подполковника Фроловс и цIераш лелош хиллера шиъ йайн, пхиъ йеза чевнаш йарна. "Доьналлин" йиъ орден а, "Майралла гайтарна" ши мидал а цунна низамехь а доцуш йелла аьлла хета талламчашна.

"СВО-н турпалхойн хьуьнарех дуьйцу дукхахдерг - иза дестош дуьйцург ду. Цунах кхеташ хила деза шаьш-шайна тӀе куьгаш хьош йинчу чевнийн контекстехь. ТIаккха гучудолу, дина хIума а доцуш, нахана мидалш луш хилча, тӀаккха компенсацеш эрна луш хила йиш йуй", - билгалдоккху "Прощай Оружие" проектан аналитик волчу Альшанский Алексейс.

Оьрсиийчоьно Украинаца болийначу тIамехь дакъалаца ца лиъна, веддачу оьрсийн хиллачу эскархочо ша шена тӀе куьг дахьаран жамӀ дира ишта: "Дуккха а божарийн цхьацца амбицеш хуьлу. Дахарехь кхиамаш баха лаам хилар. Ткъа иза а нийса лаам бу. Со хӀинца ирчачу хьолехь ву. Ала тарло сох аьтто байна стаг ву а, со цхьанна а оьшуш вац а. Амма ас пусар до сайн хьолан – дийна ву, могушалла а йу, кхетамехь а ву. Ткъа оцу доллучух а вала тарлора со. Пусар йуьхьиг ца йо аса аьтто хиларан, бахаман. Со воккхавоь, суо дийна хиларна а, кхетамехь висарна а".

Интервью йерзош цо мукIарло дира, кIелхьараваьлла веддачу шен 14 сахьтехь болх бан дезаш хиларх, мукъаденош а доцуш. Йуург йаккхархьама. Иза а гIоле хета цунна, "окоп чохь хIинций-хIинций" кхетта вала мегара ша бохуш, лаоьгIуш Iачул а".

  • Мотокхийсархойн ротин командир Черкасов Романа бехкелаьрра кхаьънаш эцарна 18 эпизодехь. Эскаран гIуллакхна йукъарабовлург ахчанаш оьцуш хиллера уцо шен куьйгакIел болчу эскархошкара. Лейтенан шеграчу цIарах а ваьккхина, набахте хьажийра 9 шарна.
  • Къилбаседа ХӀирийчура Украинехь хиллачу тӀеман декъашхочунна Гагиев Арсенна йалх шо хан туьйхира набахтехь йаккха. ТIеман декъера веддачу эскархочун чоь шега йерзийнера цо, ахчанаш шена дитархьама. Цул совнаха, контрактхочо дош деллера, шена 2,3 миллион сом лахь, ша эскарехь гӀуллакх дан дезаш хиларх мукъавоккхур ву аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG