Дешаран системехь ненан меттанийн кхолламах лаьцна Оьрсийчохь дийцаре деш ду. Дешаран министралло къобалйинчу школийн программехь бинчу хийцамаша сингаттам кхуллу къаьмнийн республикашкахь: хӀинца халкъийн меттанаш Ӏамор шайн лаамехь ду, юкъарчу дешаран программашна арахьа. Муха Ӏаткъам бийр бу оцу хийцамаша культурин тайп-тайпаналлина а, меттанаш Ӏалашдарна а, дуьйцу тхан сайтан материалехь.
Оьрсийчохь федералан Ӏедало къастош ду пачхьалкхан дозана тIехь муьлха предметаш коьрта лоруш йу а, юккъерчу школашкахь хьеха йезаш йу аьлла тIедожор а. Цуьнца цхьаьна хӀора къоман республико шен дозана тӀехь шен ненан мотт а, ненан литература а Ӏамор низаме даккха йиш йу. ХӀинццалц схьа меттанаш Iамор тIедожийна хиллехь а школашкахь, масала, Нохчийчохь федералан норманашна дуьхьал дацара - иза къастийнера Конституцин кхело хьалха 2004-чу шеран лахьан-баттахь. Изза лелара кхечу къаьмнийн республикашкахь а.
Нохчийн школашкахь ненан мотт Ӏаморна дайша-наноша латкъам бан йиш йацара, цу гӀуллакхана церан дIахьедар ца оьшура; изза лелара кхечу къаьмнийн республикашкахь а.
Дешаран министралло кховдийначу 2026-2027-чу дешаран шеран планехь, школехь Ӏамо йезачу предметийн тептарал совнаха, хӀинца билгалдаьккхина ду, "Ненан мотт" а, "Ненан литература" а лаамехь Ӏамор ду, "дай-нанойн лаамна тӀе а тевжаш", аьлла ду "РИА Новости" пачхьалкхан агенталло йаздарехь. Масала, школехь лаахь а, ца лаахь а Iамо йезачех йу "Даймохк Iалашбаран а, цуьнан кхерамазаллин а бух", "Оьрсийчоьнан синан-оьздангаллин культура" а цIе йолу урокаш.
Редакцица хиллачу къамелехь махкарчу Ноьвран кӀоштарчу цхьана школехь нохчийн меттан хьехархо йолчо дуьйцу республикехь ненан мотт а, литература а Ӏамор декхаре дина ду бохуш. Хьалха меттигерачу халкъан векалш боцучарна тIедожош дацара мотт Iамор. Амма дукхахьолахь ур-атталла мигрантийн бераша а пайда ца оьцура цу бакъонах, бохуш кхин дӀа а дуьйцу цо.
Кхузаманан Оьрсийчоьнан политика – империализман политика дIайахьар
Тхоьца къамел динчо дийцарехь, нохчийн маттана луш хиллачу кхаа сахьтах а, нохчийн литературина лучу шина сахьтах а, церан школехь шишша дитина маттана а, литературина а. Йукъарчу хьесапехь аьлча, ненан маттана цхьа сахьт кӀезиг хан йитина. Амма дешаран министралло тӀаьххьара арахецначу директиваша дуккха а алсам зенаш дан мегаш ду. Республикан школашкахь нохчийн мотт а, литература а Ӏамо хIинццалц кӀиранах луш хиллачу пхеа сахьтан метта, кху шарахь дуьйна цхьа сахьт бен хир дац, дӀахьедира Нохчийчоьнан дешаран министро, иза а урокаш йирзинчул тIаьхьа хир ду аьлла тӀе а тухуш.
Дукха хан йалале министран дешнаш харцдира цуьнан хьалхарчу гӀовсо Тааев Ильяса: цо мелла а шалхачу кепехь кхетийра, график "мелла а луьра" йукъаяккхар бахьана долуш, нохчийн меттан цхьа сахьт урокаш чекхйевллачул тIаьхьа даккха дийзира, ткъа цхьа сахьт "дукхалле хьаьжжина дехьадаьккхина". Ткъа нохчийн меттан маса сахьт дуьсур ду эххар а школашкахь, цо ца элира.
Къилбаседа Кавказера кхинйолу республикаш а проблемех Iитталур йу, хетарехь, дешаран министраллин керлачу низамашца доьзна. Масала, Кхарачой-Чергазийчохь а, ГӀебартойн-Балкхаройчохь а, Адыгейхь а классашкахь бакъо хир йу лаххара а шина къоман маттах цхьаъ харжа, ткъа декхаречу предметийн терахь хир ду кхечу школашкахь санна.
Аьлча а, ненан меттан а, ненан литературин а тӀетоьхна урокаш графика йукъа а йохуш, хьехархой балха эца а, берашна сахьташ алсамдаха а кхин а ахча лаха дезар ду субъектийн меттигерчу Ӏедалийн. Кхузахь кхоллало ненан маттана хан йайъа даима кийча боцчу дай-нанойн проблема а.
Иза йерриг а Оьрсийчоьнан Федерацин проблема йу, масала, 2023-чу шарахь ГIезалойчоьнан дешаран а, Ӏилманан а министро Хадиуллин Илсура далийра терахьаш, цаьрца а догӀуш, ГIезалойчохьь 9% дешархоша бен ца хаьржина шайн ненан маттахь ОГЭ. ГIезалойчуьра берийн дукхахдолчу декъо (63%) гIезалойн мотт Ӏамабо шайн ненан мотт санна, амма шина шарахь гIезалойн маттахь хьоьхуш йолу школаш лахйелла 19-на.
"Даймахкана ца лаьа, ахьа ненан мотт Iамо"
Iедалхошца йоьзна йоцчу Jamestown Foundation организацин Ӏилманан белхахочо Гобл Пола йаздо, дешаран министраллан керла план тӀаьххьара гӀулч йу Путина 2018-чу шарахь оьрсийн доцу меттанаш Ӏамор шен лаамехь хила деза аьлла дина дӀахьедар кхочушдарехь аьлла. Оцу некъо гойту, боху цо, шайн ненан меттанаш школехь Ӏамош, тӀаьхьо дахарехь уьш девзаш а, царех пайдаоьцу болчу векалийн терахь кхин а лахлур хилар.
Цунна тIетов тхан сайтаца къамел деш хилла чергазойн Гуьржийчуьра диаспоран йукъаралхо, Circassian Media проектан автор Казаноко Айдамир а. Цо дийцарехь, декхаречу предметийн тептарехь ненан мотт а, литература а ца хилар цIеххьана, дагахь а доцуш хилла хIума дац - 2018-чу шарахь дӀайолаеллачу къаьмнийн меттанаш дешарна йукъара дӀадаха Iалашонца болийначу некъан дакъа ду, уьш Ӏамор факультативан предмете даьккхича. Ма-дарра аьлча, хьал кхин а вон ду: ур-атталла берриг а чергазой бехачу йарташкара берийн бошмашкахь а хьехар оьрсийн маттахь дар тIедожош ду.
Кегийчу къаьмнашна тIехь шайн хьаштдерг дан йиш йу шайн аьлла хета Iедалхошна
"Гайтаме ду, тӀедожийначу тептарехь "Даймехкан кхерамзаллин а, ларбаран а бух" хилар. Изза Даймохк бу и, хьуна хьайн мотт Ӏамо ца лууш, амма и ларбан хьо декхаре вийриг. ХӀинцалерчу хьелашкахь нийсоне кхача йиш йац ала мегар ду. Амма и барамаша, суна хетарехь, бIостане жамI лур ду. Вайна хIинцале а гуш ма ду, маттаца шовкъ алсамъйалар, онлайн-школаш гучуйовлар, берашца а, баккхийчаьрца а болх беш керла хьехархой гучубовлар. Кхеташ ду, Ӏедалан гӀо-накъосталла ца хилча, иза тоаме хир дац, амма гуш ду халкъо ша мотт Ӏалашбан некъаш лоьхуш хилар", - билгалдаьккхира цо.
Иза къоман башхалла а, иэс а хӀаллакдарна тӀехьажийна политика йу, бохура чергазийн жигархочо, "Чергазийн Цхьаьнакхеттачу Кхеташонан" куьйгалхочун декхарш кхочушдечу Касе Кика.
"Кхузаманан Оьрсийчоьнан политика - империализман политика кхин дӀа а дӀайахьар ду. Царна вай цкъа а дош ца хетта. Оьрсийчоьнна дуьхьало йар хӀинцале а бозуш боцучу кхетаман а, ша-шен ларваларан а дакъа ду", - элира цо редакцица хиллачу къамелехь.
Оьрсийчоьнан Федераци Османан империн лар тӀехь йоьдуш йу аьлла хета Амеркерчу Огастан университетан политологин доцентна Дзуцати Валерийна.
"СССР тайпа пачхьалкх йухаметтахIотто шен аьтто боций, эххар а Оьрсийчоь кхетча, дисина кегий къаьмнаш хIаллакдийр ду. Кхеташ дац, Оьрсийчоьно Украинана дуьхьал дӀахьочу тӀеман а, Малхбузенца дуьхь-дуьхьал лаьттачу а контекстехь муха чекхдер ду и хӀума. Суна хетарехь, Оьрсийчоьнан Ӏедалшна мотту, кегийчу къаьмнашна тIехь шайна луъург дан йиш йу шайн, шайгара жоп деха стаг а вац аьлла. Оьрсийн национализман экстремале кепаш йолайаларо кхечу къаьмнашкахь национализм кхио тарло. Хала ду ала, цуьнан чакъе муха хир йу", - бохура политолого Дзуцатис.
- 2018-чу шарахь Оьрсийчохь тӀеийцира керла "Дешарах низам", цуьнца а догӀуш, къаьмнийн республикийн пачхьалкхан меттанаш Ӏамор кхин дIа декхаре дац. Школан программехь гучуйелира керла предмет, "ненан мотт", цуьнан гурашкахь дай-наноша шаьш къастадора шайн бераша муьлхачу маттахь доьшур ду. Ненан мотт санна харжа йиш йара оьрсийн мотт а.