ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Закъалтхо хийца дагахь вуй? ГӀебарта-Балкхаройчуьра вахархо терроризмана бехкево ФСБ-на болхбан реза ца хиларна


Кишуков Тимур
Кишуков Тимур

Кишуков Тимур ГӀебарта-Балкхаройчуьра схьаваьлла Американ гражданалла йолу вахархо, совдегар, 4 беран да а ву. Стохка лахьан-баттахь, шен цӀа веанчу хенахь иза лецира ФСБ-н белхахоша – цаьрца "цхьаьна болх бан" реза ца хиллачул тӀаьхьа, терроран гӀуллакхехь бехкевира Кишуков.

Кишуков Тимур Американ вахархо хилла 2017-чу шарахь. Чикагохь вехаш вара иза, кир дIасакхоьхьучу йоккхачу машен тIехь болх беш а вара иза. Дахначу шарахь шен логистикан компани схьайиллира цо, амма иза шорйан а, кхион а ца ларийра иза, даймахкахь лацар бахьана долуш.

И доьзал бевзачара дийцарехь, масех иттаннашкахь ницкъахо кхаьчна хиллера КишуковгӀеран кетIа лахьан-беттан 18-чу сарахь. Тимур шолгӀачу Ӏуьйранна Чикаго юхаваха ваха везаш велахь а, ницкъахоша иза шайца дIавигинера, амма дош деллера, кхо сахьт даьлча иза дIавохуьйтур ву аьлла. Шаьш цига хIун бахьана долуш даьхкина ца дийцира цара, амма цуьнан ноутбук а, планшет а шайца дӀайаьхьна хиллера. Ткъа машен чохь лаьцначун куьйгаш скотчца дӀадихкинера, цуьнан коьрта тӀе куртка а тесна, стенга вуьгу а ца дуьйцуш, дӀавигинера цара иза.

Кишуков ларми чу вигира, цигахь кхаа сахьтехь сов хеттарш дира цуьнга Украинана дуьхьал бечу тӀаме цуьнан болчу хьежамех а, Американ къайлахчу сервисашкахь болх бечу йа хьалха болх бинчу Оьрсийчоьнан бахархойх а лаьцна. Цара хьахийнера, масала, ШолгӀа Дуьненан тӀом боьдуш фашисташца цхьаьнаболхбарна бехкевина хилла чергазийн жигархо Сообцоков Черим а. ТIом чекхбаьллачул тӀаьхьа Урдунехь дӀатарвелира иза, цигахь цунна Американ Цхьанатоьхначу Штатийн виза йелира, цхьаьнаболх беш хиларх бакъдерг къайла а доккхуш. ЦРУ-н агент хилира цунах, ткъа 1985 шарахь цуьнан цӀенна уллехь дина эккхийтар бахьана долуш велира.

Эххар а Кишуков Тимуре лерринчу сервисашца цхьаьнаболхбан беза аьлла, некъ кховдийра – Америкехь шена гонах болчу оьрсийн меотт буьйцучу нахах а, церан ЦРУ-ца йолчу уьйрех лаьцна дерг дуьйцуш. Лаьцнарг реза ца хилча, цунна йетта буьйлабелира уьш – дерриг а дирзира бехктакхаман гӀуллакх долор ду аьлла, кхерамаш тийсарца. Ницкъахоша дуьххьалдIа аьлла хиллера, Кишуков колоне вахийта "шайна хала хир дац", хӀунда аьлча "оьшург дуьйцур долу тешаш бу" аьлла. ГӀуллакх баккъалла а схьадиллира оццу сарахь – лахьан-беттан 18-чу дийнахь 23 сахьт 45 минот йаьлча Кишуков реза ца хиллера мукIарло дан, боху кхелан сацамехь.

Шена йеттарх а, кхерамаш тийсарх а лаьцна дийцира шеконашка эцначо уггаре а хьалхарчу ладегӀаршкахь, талламчаша гIуллакх къасточу йукъанна иза СИЗО хьажор тIедиллича. Доьзална гергарчу хьостано бинчу хаамца, Кишуковн латкъаман хьокъехь талламаш дӀабаьхьна – цхьа а низам дохор карийна дац ницкъахойн леларехь.

ГӀебарта-Балкхаройчоьнан ФСБ-н Нальчикерчу урхалло Кишуков бехке вина терроризмна а, бакъо йоцчу герзаца вовшахтоьхначу тобанехь дакъалацарна а, цуьнца доьзна Ӏамораш дӀадахьарна а. Кавказ.Реалии сайтана къастарца, Кишуков бехке веш ву Шемарчу тӀамехь "Кавказ Имаратан" агӀор дакъалацарна. Цунах лаьцна дуьйцу къайлахчу кхаа тешо, масех шо даьлча бехкевийриг царна вевзина хилла бохуш.

Кхин тоьшаллаш дац бехккъасторхойн, боху и гӀуллакх девзачу кхечу хьостано. Талламо Кишуковн ноутбук а, планшет а, телефон а доьзална йухаерзийна – шеконе хӀума ца карийна цигахь. Цул совнаха, Кишуковн алиби а ду – Шема вахана бохуш дуьйцучу муьрехь иза а, цуьнан доьзал а Туркойчохь хилла.

Терроризмана бехкевечун адвокатан позици гуш йу, масала, Кишуков лацарх бинчу сацамашкахь. Къаьсттина, адвокато хьалхо дӀахьедира, клиент цу гӀуллакхна йукъагӀертаран цхьа а тоьшалла дац аьлла; шеконаш бакъйан йиш йолуш хӀума дац гӀуллакхан материалашкахь. Лаца оьшуш хилар УФСБ-н талламхочо бехктакхаман артиклийн луьраллица бен кхетийна дац – иштта информаци йац Кишуков вада там бу, йа тоьшаллаш хӀаллакдан тарло, йа цхьаццаболчу тешашна кхерамаш тийса а мегаш хиларх лаьцна.

Адвокато массо а кепара аргументаш йалийнашехь, кхело бехкевеш верг СИЗО-хь витина 7 баттана. Цуьнан дехарца оха цӀе йовзуьйтуш воцчу къамелхочо дийцарехь, дечкен-баттахь а, гIуран-баттахь, чиллан-баттахь а Кишуков Тимур латтийнера таӀзар дечу камери чохь. И йу уггар лахара гӀат а, уггар генара цхьалхачу набахтин камера а, цигахь температура йуккъерчу барамехь I5 градус гергга хуьлу. РогӀерчу латкъамашна жоп луш, ницкъхоша элира, шаьш Кишуковна таӀзар деш дац, амма иза карцер чохь камерехь латтош ву шаьш, СИЗО-хь кхин мукъа меттигаш ца хиларна бохуш. БIаьста лакхарчу гӀат тӀе дехьаваьккхира иза, дуккха а дехкарш долчу спецблоке, ткъа дов хатталц цхьалхачу камерехь латтийра иза.

Карарчу хенахь Кишуков Тимуран гIуллакх луьстуш ду Къилбан гонашкарчу тIеман кхело, ткъа ша иза Ростов гIаларчу номер I йлчу СИЗО-хь ву. Тешашка хеттарш деш ду кху муьрехь. Кхеле хIоттийначунна 20 шо гергга хан тоха тало, амма иза кIелхьараваьлла доьрзур ду бохучух, кIезиг теша тхоьца къамелдинарг.

"Тхо кхета, Оьрсийчоьнан агӀор вайга хӀумма а далур доцийла. ХIокху гIуллакхна гонах йоккха гӀовгӀа эккхийта аьтто балахь а, цунах башха Ӏаткъам хир бац. Тимур лаьцна Американ вахархо хилар бахьана долуш - ФСБ-н белхахойх цхьаммо аьлла хилла цуьнга, иза закъалтана лаьцна ву цхьанца хийца аьлла. Шайна болхбан иза реза ца хиллачул тIаьхьа аьлла хилла. Хьалха а аьллера Тимуре – тIаьххьара иза цIа веанчу хенахь Минеральные Воды гIаларчу аэропортехь хеттарш дечу хенахь. Цара цигахь латтийра иза цхьана сахьтехь, тхуна ца хаьара хӀетахь и кхераме билгало йуйла", – бохура тхоьца къамелдчино.

Дуьххьара дац

Кхелан кехаташ тIехь билгал ма-даккхара, Кишуков Тимуран гӀуллакх луьстуш ву ФСБ-н ГӀебартойн-Балкхаройчуьрчу урхаллан лаккхара талламхо Слугин Алексей. Цуьнан цӀе хьалха а йехира керланашкахь – кхо шо хьалха иза вара блогеран Инсаландеран (бакъйолу цӀе – Инса Огуз) гӀуллакх лелош верг. Бакъонашларъярхоша и тIаьхьадовлар политикан бух болуш ду элира.

Инса Огуз Москвахь Iаш йара, талламаш беш блог а лелош. 2021-чу шарахь Баксанера шен гергара нах болчу йахале хьалха гIоьналлин фондехь лелийначу харцонех лаьцна хаамаш лоьхуш йара иза. Оцу фогдан цхьахволчу куьйгалхойх ву ГIебарта Балкхаройчубьра лаккхара даржхо.

ГIуран-беттан 9-чу дийнахь Ӏуьйранна блогеран цIа чу лилхира ницкъахой, дIайигира иза Нальчикера ФСБ-н урхалле. ОВД-Инфо-н бакъонашларъярхошка дийца кхиънера Инсан, терроризмна гӀо дина хиларх схьадийца баьхнера цуьнга, цул тӀаьхьа цӀахь лаьцна йитира йара. Цул тӀаьхьа ши де даьлча Инса Росфинмониторинган экстремистийн а, террорхойн а тептаре йазйира иза. Цуьнан банкан карташ дӀакъовлар бахьана долуш, шен а, хӀора доьзалан декъашхочунна а 10 эзар сом бен баттахь схьаэца бакъо йацара цуьнан. Талламчас Слугина лаххара а цхьана баттахь дуьхьало йира цунна, цо дийцарехь, цуьнан хьаькамаш цу тайпа сацамах кхетар цахиларна.

Инсас ша редакцига дийцарехь, гIуллакх айдина 19 де даьлча Слугин Алексейс шега дIаэцнера и. Шен тешам болчу нехан гIоьнца лаьцначу блогеран аьтто болура "таллам" муха дIабоьду дийца зорбанехь. ФСБ-но бехкейира иза терроран гIуллакхна гIо дина аьлла, цуьнан "ВКонтактера" шена вевзаш хиллачу стагаца 2014-чу шарахь дина йозанашна тIехула. Оьрсийчохь бакъо йоцуш вовшахтоьхначу тобанах дIакхета баьхна хилла боху Инсас, цул тIаьхьа талламхочо Слугина, Кишуков Тимуран гIуллакхехь а санна, Шема а тIетоьхна хилла.

"Бехктакхаман гӀуллакх йихкинчу организацешкахь дакъалаьцна бохуш шайггара дийцар и Слугина йукъадаьккхина хIума дац, и кепаш лело ткъех шо а ду. Сан хьолехь Слугина бехктакхаман гӀуллакх шордарехь болх бира, амма цхьа меттиг тидамза дитира цо: йозанаш дина бохучу муьрехь (2014-чу шеран дечкен-бутт) цхьаъ шемахойн йа кхечу бакъонца йоцчу вовшахтохаларрашка йукъаозорна бехкейан аьтто бацара, хIунда аьлча оцу хенахь низамо бехктакхаман жоьпалла тIедожош дацара цу кепара гIуллакхашна", - дийцира блогеро редакцига.

2022-чу шеран мангал-баттахь цӀахь лаьцна латточуьра йедда, Къилбаседа ХӀирийчу дIа а йахана, цигара Гуьржийчоьнан доза хадо ка йаьллера Огуз Инсан. Базехь йаздина ца хиллера, цунна дуьхьал бехктакхаман гӀуллакх даьккхина хиларх лаьцна. Амма Гуьржийчоьнан дозанхоша шина кӀиранах гергга дуьхьало йира цунна цхьа а бахьана а доцуш – и йерриг а хан блогеро нейтралан зонехь йаьккхира. Гуьржийчуьра Литван векал Калиндра Андриус йугIагIоьртинчул тIаьхьа, гIуллакхан йист йелира. Инса Вильнюсе дӀакхачо ша кийча ву аьлла дӀахьедар динера цо. Оьрсийчохь блогер лехамашка йелла йу.

• Оьрсийчоьнан Коьрта прокуратурано хаам бина, Францин Ӏедалша ГӀебарта-Балкхаройчуьра схьаваьлла Боташев Руслан дӀавала сацам бина аьлла. Оьрсийчоьнан талламна хетарехь, иза Шемахь "Исламан пачхьалкх" олучу дуьненаюкъарчу террорхойн вовшахтохараллан агӀор лаьттинчу тӀемашкахь дакъалаьцна ву.

• 2023-чу шеран дечкен-баттахь Адыгейрчу кхело 18 шо долчу Германин вахархочунна Лик Кевинна 4 шо хан туьйхира, пачхьалкхана йамартло йар аьллачу хьокъехь йолчу артиклца.

• Мангал-беттан 1-чу дийнахь Кремло хийцира политикан тутмакхаш, шайна йукъахь Лик Кевин а волуш, Малхбузерчу набахтешкахь латточу шайн агенташца. Цу йукъахь вара нохчийн гIаттамхойн хилла буьйранча Хангошвили Зеламха верна Германехь велла дӀаваллалц набахтехь йаккха хан тоьхна волу киллер Красиков Вадим а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG