Дуьненайукъарчу спортан майданашкахь шайн хьуьнарш гойту Нохчийчуьра бахархой дукха хьолахь мехкан Iедалан куьйгакIел нисло. Кеп-кепара пачхьалкхийн цIарах лелачу спортхойн кхиамаш гойту Соьлжа-ГIалахь шаьш тIехь терго латтош хиларан а, Кадыровн рожо гIортор йеш хиларан а тоьшалла санна. Спортах пропагандин гIирс муха хуьлу а, дуьненайукъарчу турнирашкахь чемпионашна оцу тайпа "гергарло" а стенна оьшу а, къастийра тхан сайто.
Нохчийн спортхой карарчу хенахь доллу дуьненчуьра кеп-кепарчу мехкийн байракхаш бухахь лела. Царах дуккхаъчара къегина жамIаш гойту дуьненан турнирашкахь. Ишта болу спортхой шена тIеийзабо Кадыровс – дукха хьолахь ша бахьана долуш уьш дуьненан тIегIане кхаьчча болуш санна, сурт хIитто гIерта иза хIоразза а.
Масала, Австрера нохчийн дзюдоисто Борчашвили Шемала 2021-чу шарахь массо а цецбохуш баркалла элира Кадыровна "массо а агIор гIо дарна". Ткъа иза вевзачара чIагIдора, Нохчийчоьнан урхалхочуьнца цуьнан цхьана а кепара гIуллакх деана дац. Диаспорехь берш а ца кхийтира цуьнан леларх: церан доьзал 2000-чу шерашкахь цIера баьлла бу Нохчийчуьра тIом бахьана долуш, Австрин байракха бухахь турнирашкахь дакъалоцуш хилча Борчашвилис стенна баркалла аьллера Кадыровна.
Спортхой шаьш карабоьлху Кадыровна
Ийначу кепехь латарийн спортхо Тайсумов Майрбек а вара Австрехь вехаш 2002-чу шарера схьа дуьйна, оцу пачхьалхкан байракх карахь йолийра цо шен карьера. Амма 2016-чу шарера схьа дуьйна Кадыровца лелийна гергарло бахьана долуш дозанал а арахьа цуьнга болу хьежамаш хийцабелира. Тайсумовна дуьхьало йира Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташка виза йоккхучу хенахь, оцу тIехула цо дIахьедира цу пачхьалкхарчу турнирехь дакъа лоцийла дац шен аьлла. 2019-чу шарахь цхьанна а дагахь доцуш цунна Мароккон гражданалла йелира.
Нохчийчуьра спортхошна Франци – уггар а товш йолу пачхьалкх йу, цига дIа а бахна карьера кхион эвсара хьелаш хиларна, дийцира тхан редакцига масех къоначу латархоша. Республикехь ши тIом хиллачул тIаьхьа цигахь вовшахкхетта йоккха диаспора. Дуьненан чемпионаташкахь меттигаш баьхначу Францера нохчашлахь массарна гуш-хезаш Кадыровн рожо гIо деш хьуьнар гайтинарш бац, амма уьш реза ца хилира редакцица къамел дан, хьажа-хIотта Нохчийчу шайн гергарнаш лесташ хиларна.
Европера нохчийн диаспорин йукъаралхочунна Ломаев Мусана хетарехь, цхьаццаболчу спортхошца доттагIалла лелорца Нохчийчоьнан куьйгалхочо йоллу диаспорина тIехь контрол латтор йара аьлча, и нийса хир дацара.
"Спортхой шаьш карабоьлху Кадыровна. Маьршша цIа бахка-баха царна таро а луш, кадыровхоша вербовка йо дуккхаъчу нохчашна. Иштта шена критика йан тарлуш болу уьш, шегахьа боху цо. Къегина масала ду-кх хьуна дуьненан боксан чемпионо Бетербиев Артура лелийнарг. Оцу стага чIогIа кхиаме карьера йинера Канадехь, кхин а гена ваха таронаш йара цуьнан. ХIетте а шен лаамехь Кадыровн каравахара иза. Изза хили Чимаев Хьамзатах а", - бохура Ломаевс.
Чимаев ийначу кепехь латархо ву, Мангал-бутт йуккъе баьллачу хенахь UFC-н йуккъерчу йозаллин чемпион хилир иза. Титул къовсуш латарш хилира Чикагохь, ткъа спортхо официалехь дакъалоцуш вара Цхьаьнатоьхначу Iарбойн Эмиратийн цӀарах, цигахь дукха хан йоццуш пачхьалкхан гражданалла а йеллера цунна, дуьне мел ду маьрша лела таро хилийта. Кадыровца доттагӀалла хилар бахьана долуш цуьнан хьалха хилла Американ виза схьайаьккхинера цуьнгара. Иза иштта доллушехь, латарш дирзинчул тӀаьхьа Чимаев сихвеллера октагонера охьа а восале Кадыров Рамзанна баркалла ала, ша кхиам баккхарна. ТӀаьхьо дуьненан хаамийн гӀирсашкахь даьржина дуьйцура, Чимаев хьалхатоьттург "къинхетамза диктатор ву, нах байар а, нах хьийзор а хIуммаъ ца хеташ волу" аьлла.
Чемпионан доьхка а хьош, Чимаев Соьлжа-ГIала вахара. Аэропортехь цунна дуьхьал веана вара Кадыров, цо камерашна хьалха дIахьедира, и титул – латархойн "Ахмат" клубан кхиаман тоьшалла ду аьлла. ХIинца пхи шо а ду и клуб Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн санкцеш тоьхна йолу.
Нохчийн диаспорера нах тайп-тайпана бу –дозанал арахьа беха махкара бахархошлахь бу Кадыровна муьтIахь болу нах а цхьаьна. Ву царлахь – 2011-чу шарахь Европан ийначу кепехь чемпион ваьлла, немцойн Гамбургехь веха Дугазаев Тимур а. Цо а, цуьнан накъосташа а биллина дӀахьора йукъараллин барамаш – масала, марсхьокху-беттан 9-чу дийнахь Оьрсийчоьнан а, нохчийн а байракхаш а карахь Берлинехь гулбелира уьш, пачхьалкхехула буьйлабелла чекхбевлира, Кадыровн Ӏедална луьйш болчарна тIехь таIзарш дира. 2014-чу шарера 2017-чу шаре кхаччалц Дугазаев иштта Германе а, Нидерландашка а баха нах вовшахтоьхнера Кадыровн уггар гергарчу накъостех волчу, карарчу хенахь Нохчийчоьнан Ӏедалан куьйгалхочун гӀовс волчу Висмурадов Абузайдан дуьхьа. Спортхочун гӀоьнца Нохчийчоьнан Ӏедалан карарчу хенахь куьйгалхо волу Даудов Мохьмад а тӀеийцира махкал арахьа. Дугазаевна дуьхьал санкцеш йехира 2020-чу шарахь.
Нохчийн спортера хьаькамна, совдегарна, криминалан хаамашкахь гоьваьллачу Халидов Сумайдана 20230-чу шеран стигалкъекъа-баттахь сербхойн гражданалла йелира къастийначу кепехь. Меттигерчу низамца а догIуш, Сербина "интерес йолчу нахана" паспорташ ло церан коьртачу гражданалина йукъара а ца бовлуьйтуш. Халидов – спортан говзанча ву, Оьрсийчоьнан боксан хьакъволу тренер а ву, ишта Оьрсийчоьнан боксан Федерацин исполкоман декъашхо а, Европан конфедерацин вице-президент а ву. 2023-чу шарахь Болгарин шахьарахь спортзал схьайиллира цо, шен цIарах. Спортан ийначу кепехь латарех йаздечу Болгарин сайтан хаамашца, 2018-чу шарахь и спортан гIишло йолуш йара, амма 2020-чу шарахь цуьнан цIе хийцина гуш йара.
Нохчийчохь уггаре а йезаш тIеоьцу спортан дакъа хилла йуьсуш йу ийначу кепехь долу латарш, чIагIдо Соьлж-ГӀаларчу цхьана университетан хьехархочо. Цуьнан цӀе йовзийта йиш йац тхан, Нохчийчоьнан Ӏедало хьийзо тарлуш хилар бахьана долуш.
"Мила вен вогIу, хьанна гечдан догIу омра луш волу, мел лахара а, римхойн диктатор хета ша Кадыровна. Иза цуьнан амалца догIуш ду. Хала хета, итт Ӏилманчас бийриг пайда ца хета, UFC-н цхьана латархочо бийриг санна дош хеташ. Ирча хьал дац иза? Латархой болчу къомо дуьненахь цхьа а маьӀне хӀума кхочушдан йиш йац, нагахь санна цо шен цхьа хӀума кхоьллина , йа дуьненна шегара цхьаъ кховдош ца хилча. Къиза латарш хила ца деза юкъараллехь културан а, Ӏилманан а метта", - дийцира къамелдечо.
Ломаев Мусас билгалдаьккхира кхин цхьа хIума, шена хетарехь, ийначу кепехь долчу латарийн культо нохчийн кегийрхошна лазаме тохар деш ду.
"Нохчийчохь мехкан куьйгалхо аэропорте ша дуьхьал а воьдуш, йуха цунна совгIатна йезачух машен, хIусам, ахча, кхиндерг луш – ишта хила веза кхиаме спортхо аьлла дIагойтуш хилча, цунах масал а оьцуш, дуккхаъчу нохчашна ца лаьа деша а, Iилмана тIаьхьабовла а. Делахь а тахана дукхахболчу нохчийн Европехь шатайпа аьттонаш бу оцу гIуллакхна Европан тоьллачу лакхарчу доьшийлашкахь. Ишта тенденци йу-кх! Нагахь санна, сох диканиг спортхо хилахь, Бетербиевн а, Чимаевн а санна гIуллакхаш дика хир ду-кх сан а. Коьртаниг, жимма царна хьалха охьатаьIаш хилчхьана", - аьлла хета Ломаевна.
- Дозанал арахьа бехачу нохчийн спортхоша кест-кеста шайн хьуьнарш гойту нохчийн республикин куьйгалхочун Кадыров Рамзанан цIарах. Тхан сайто листира, и стенца доьзна ду.
- Дукха хенахь дуьйна Нохчийчоьнан Ӏедалхой хьийза социалан машанашкахь шайн махкахойн жигараллина тIехь Ӏуналла латто, ткъа Кадыров Ахьмада кхин дIа хьош йу и курс. Зазадокху-баттахь, кегийрхойн гӀуллакхашкахула министран даржехь ша волуш, цо чIагIо йира, интернетехь шайн лелар "нохчийн синбахамаллица а, менталитетца а догIуш доцу махкара бахархой схьакарон а, цаьрца "кхетош-кхиоран" къамелаш дан а.