1992-чу шеран гурахь хиллачу хIирийн-гӀалгӀайн девнан тӀаьхье цӀеххьана карлайаьккхира 33 шо даьлча, иза дагалецира республиканийн дозанехь дукха хан йоццуш хилла летарш бахьана долуш. Цуьнан бахьанаш дахаран хьелашца доьзна дара боху Ӏедалхоша. Хьаькамаша дийцарехь, девнах лаьцна дийцаре деш ду республикан куьйгалхойн а, кӀоштарчу президентан векалан а тӀегӀанехь. Тхан сайто дуьйцу и тидам сел лерина хилар стенца доьзна ду
ГӀалгӀайчоь а, Къилбаседа ХӀирийчоь а йекъалучу Черменан постехь марсхьокху-беттан 24-чу сарахь леттера шина республикера бахархой. БӀаьргашца гинчара йаьхначу видеош тIехь тидам бойла ду цигахь пхийтта гергга стаг хиларан а, дIакъевлина некъан, автоматаш карахь ницкъахойн а.
Йуьхьанца дов нисделлера блок-постана гергахь. Шина а агӀонна гӀортор йан нах гулбала буьйлабелира, цул тӀаьхьа тӀаьхьий-хьалхий нах вовшахтийсабелира – и дерриг а бахьана долуш Кавказан боккхачу некъа тӀера шинна а агӀор воьду некъаш дӀакъовла дийзира, хаамбира ВЧК-ОГПУ телеграм-канало.
Ницкъаллин структурашца йоьзна йу бохучу "Розыск Ингушетия" канало йаздора, тасадаларийн бахьана хилла хила тарло цхьа чоьхьара бохуш. Оцу цхьана летаршкахь, чIагIдарехь, ГӀалгӀайчоьнан жимчу вахархочо йиттинера Къилбаседа ХӀирийчуьра къаночунна.
ТӀечӀагӀбазчу хаамца, дукха хан йалале рогӀера кхин а цхьа дов делира. ГӀалгӀайчуьра виъ вахархо къаьркъа эца веанчу туьканахь дош дашера далар бахьана долуш, ХIирийчоьнан шина вахархочунна йиттинера. Дукха хан йалале, дуккха а нахана йукъахь летарш хилира, шина а агIор доьхуш орца а долуш.
ГӀалгӀайчоьнан а, Къилбаседа ХӀирийчоьнан а Ӏедалша дерриг а дира инцидентан барам къайлабаккхархьама а, иза чоьхьара дов ду аьлла, дерзо а.
ХӀирийчоьнан а, гӀалгӀайн а полисхоша а, ткъа иштта чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан Къилбаседа-Кавказан федералан гонан урхалло а лийцира низамехь доцчу акцешкахь дакъалаьцнарш, хаамбира Къилбаседа ХӀирийчоьнан полицин урхалло. Цигахь дIахьедира, дуьйцург шина жимчу стагана йуккъехь хилла дов ду аьлла – царна дуьхьал бехктакхаман гӀуллакхаш диллира Iалашонца дегӀана дайн зен дарна а, хулиганалла лелорна а. Кхин а цхьа стаг ханна изоляторе хьажийра административан артиклашца: кега-мерса хулиганалла лелорна, наркотикех пайлаэцарна а.
Цхьана йуьртарчу бахархошна йукъахь цхьа барт бац, тIаккха шина халкъана йукъахь-м муха хуьлу
Бесланерчу лоьмар 1 йолчу школехь терактехь беллачаррна а, лазийначарна а лерина кхаа дийнахь дӀахьур йолу мемориалан вахта схьайоьллуш къамел деш, "Бесланан наной" комитетан куьйгалхочо Дудиева Сусаннас дехар дира Къилбаседа ХӀирийчоьнан чоьхьарчу гӀуллакхийн министралле, Черменан постехь ха чIагIде аьлла, луларчу мехкашкара сингаттам балахь а аьлла. Нах вовшахлетар "сингаттаме билгало" йу бохура цо, "дахначу шерашкахь" изза хьал лаьттина хилар билгалдоккхуш.
ГӀалгӀайчоьнан арахьарчу зӀенийн а, къоман политикин а, зорбанан а, информацин а министралло уггаре а хьалха кхайкхам бира кегийрхошка "собаре а хила, хьал кхин тIе а талхор долу хIума а ма леладахьара" аьлла.
Гезгамашин-беттан 2-чу дийнахь шина а республикан куьйгалхошца видеоконференци дӀайаьхьира Оьрсийчоьнан президентан Къилбаседа-Кавказан федералан гонехь волчу векало Чайка Юрийс. Кхеташонехь дийцаре дира "къаьмнашна а, динашна а йукъара а уьйраш нисйарх" а, "йукъараллин кхерамазалла ларъйарехь ницкъаш вовшахтохарх" а. Цхьана а кепара шайн хиллачу сацамех лаьцна гIара ца даьккхира цхьаьнакхетар дӀадирзинчул тӀаьхьа.
Дахаран хьелаш къовсар ду?
1992-чу шеран хиламаш бирзинчул тӀаьхьа Къилбаседа ХӀирийчохь а, ГӀалгӀайчохь а дийнна чкъор кхиира шаьш вовшийн мостагӀий лоруш: царна ур-атталла ца лаьа хиллачунна кӀорггера духе кхиа, билгалдоккху журналисто, Къилбаседа ХӀирийчоьнан Пригородный кӀоштан вахархочо.
"ХIирий а, гӀалгӀай а "цхьаьна" бехачу гӀалахь Iаш ву со а. Амма "цхьаьна" бохург хӀун ду? ГӀалгӀайн бераша гӀалгӀайн школехь доьшу, ткъа хIирийн бераша - хIирийн школехь доьшу. Аьлча а, ур-атталла дешархойн тIегIанехь а кхетам бац, цара цхьана парти тIе а хиъна деша деза аьлла. Оцу хенахь а кхетам хуьлу церан, вовшашца доттагIий лело ца дезий", - дуьйцу цо.
Муьлхха а дахаран хьелашца доьзна дов йа летарш даима а кхетадо къоман билгалонашца: нагахь цхьаммо цхьанна тоьхнехь, иза гIалгIа хиларна йа хIири хиларна, бохуш дуьйцу къамелхочо кхидӀа а: "ХӀаъ, Ӏедало, къаьмнийн министралло векалалла а деш, даима а цхьана хӀуманах лаьцна хаам бо, амма массо а кхета, хӀара формалан кепехь хиларх.
Цхьана йуьртарчу бахархошна йукъахь цхьа барт бац, тIаккха шина халкъана йукъахь-м муха хуьлу.
Билгалдаккхар: Пригородный кӀошт Къилбаседа ХӀирийчоьнна чуйогIуш хиларца доьзна хIирийн-гӀалгӀайн конфликт хилира 1992 шеран гIадужу-беттан 30-чу дийнера лахьан-беттан 6-чу дийне кхаччалц. Къаьмнашна йукъара гергарло эгIаро къепедацарш, нах байар, герзашца вовшашна дуьхьал летар, закъалтхой лецар хилийтира. Эшамех лаьцна зераш тайп-тайпана ду, амма мах хадор цхьаьнадогӀу - вийна 600 гергга гӀалгӀай а, 100 сов хIири а. Кхин а 200 сов стаг велла талламо къастийна доцчу хьелашкахь.
1992 шарахь хилла конфликт, регионна тIаьхь кхозу шаьлта санна, лаьтта тахана а, ткъа дуьххьарлера хийцамаш гучубевлира 2002 шарахь, Къилбаседа ХӀирийчоьнна а, ГӀалгӀайчоьнна а юкъахь "Цхьаьнаболхбарх а, дика лулахой хиларх" барт биначу хенахь. Амма 2004-чу шарахь Бесланехь хиллачу бохамо дуккха а шерашкахь и документ кхочушдар йукъарадаьккхира.
Динна къоман бохам иттаннаш шерашкахь боьрзуш бацахь, тӀаккха оьгӀазлонах адам дIаоь
Амма цхьа сацам леха гӀертар цкъа а сецна дацара. 2022-чу шарахь ГӀалгӀайчоьнан куьйгалхочун хьехамчас, Оьрсийчоьнан хьакъволчу адвокато Костоев Ӏийсас хьийхира Къилбаседа ХӀирийчоьнан Пригородный кӀоштан цхьа дакъа ГӀалгӀайн хилийта аьллера, Кхарачой-Чергазийчохь а санна. Цигахь абазинцаш а, ногIий а цхьана бехачу меттигашкахь цхьа цIераш йолу НогIийн, Абазинийн кIошташ кхоьллира. Амма, хетарехь, боккъал а цхьаммо цунах лаьцна дийцаре а ца дира. Костоевн проект ГIалгIайчоьнал арахьа листа а ца листира.
Европерчу гӀалгӀайн диаспорин жигарчу декъашхочо Юлой Руслана тидам тӀебохуьйту полисхоша чоьхьара лоручу конфликтан "деталаш леррина талла" йезаш хиларх.
"Тхан халкъаца хилла бохам иттаннаш шерашкахь луьстуш ца хилча, тӀаккха оьгӀазло "дахаран хьелашца йоьзнарг" хуьлу. Цхьана а тайпа гуш серло йац кху гIуллакхехь, хӀунда аьлча, Москвара Ӏедалхой бу и проблема йерзо дезарш, амма церан жимма а лаам бац. ХIара раж мел лаьтта – доьрзур долуш дов дац", - билгалдаьккхира Йоулойс.
"ГӀалгӀайн суверенитетан куьйгалхо ГӀаркхо Ансар реза вац хӀара дахаран хьелашца доьзна чоьхьара дов ду аьлла хетачаьрца, хӀунда аьлча, Черменехь хилла дов, цунна хетарехь, шуьйрачу контекстана арахьара цхьацца эпизод санна лара йиш йац.
ГIаркхос дийцарехь, проблема йац гӀалгӀашна а, хIиришна а юкъахь къаьмнийн бух тӀехь хиллачу мостагӀаллица, амма йу дозанаш "харцонца" къасторехь: "Тхан дайшкара дуьйна тхан хилла латтанаш дӀадаьхна, тхан коьртачу шахьарах, тхайн аренах девлла тхо, оцу тIехула паччахьан заманера схьа дуьйна бала хьегна ду тхо. Шайн дайн кешнашка стаг дIаволла гIалгIай баьхкича, хIириша шайна питана дан баьхкина аьлла хеттера".
ХӀинцалера Ӏедалхой бахархойн векалш бац. Ишттачу хьелашкахь чӀогӀа хала ду барт бан
"ХӀинцалерчу Ӏедалхоша халкъана луур, дезарг ца дуьйцу, ца довзуьйту. Мехкийн куьйгалхой а Кремло хӀиттабо. Ишттачу хьелашкахь вуно хала ду цхьана хӀумана тӀехь барт бан. Масала, Меняйлон а, Калиматовн а гуттаренна а машар хилийта а, дозанаш доькъуш а барт бахь а, хьан ларбийр бу и бехкамаш, нагахь санна, церан легитималла лахара йелахь?", - билгалдоккху Огастан Университетан политологин кафедран доценто Дзутцати Валерийс.
Цунна хетарехь, дов доладелчхьана, къаьсттина 2024-чу шарахь закъалтхой лецначул тIаьхьа оцу конфликтан йист йаккха "халкъан дипломатин гIирсаш" йукъабало оьшура.
"Цуьнан меттана - Москвано контрол латтор чIагIдина, чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан а, ФСБ-н а белхахой алсамбаьхна. Амма цхьана муьрехь, арахьара йа чоьхьара Iаткъам хилла, Оьрсийчоьнан пачхьалкх йуха а гӀеллур йу, тIаккха хIиришна а, гӀалгӀашна хьалха йуха а проблема хIуттур йу, цхьана Iар муха нисдийр дара-те боху",- тешна ву америкахойн политолог.
- Оьрсийчохь дӀасайаьккхинчу бакъонашларъяран "Мемориал" центро бахьана ду бохура хIирийн-гIалгIайн конфликтан, Сталинан къоман политика аьлла цӀе тиллина хилар. 1944 шарахь депортаци йинчул тӀаьхьа Нохч-ГӀалгӀайн Республика дӀайаьккхича, цхьаьний гIалгIай бехаш хилла Пригородный кIошт Къилбаседа ХIирийчоьнан АССР-н декъа йерзийра.
- Карарчу заманчохь Къилбаседа ХIирийчоьнан дозана тIехь вехаш ву 24 эзар сов эккхаш гIалгIа. Официалан зерашца, 2007-чу шарахь, хIирийн-гIалгIайн конфликтехь зенаш хилла ду шаьш аьлла лорура 4500 гIалгIайн доьзало, йа 18 эзар стаг. Ткъа ца бевллачу денна схьакхелхина ву аьлла статус йелларг вара 11 эзар.