Бесланехь йохийначу школехь дагалецира 2004-чу шеран терактехь хIаллакбина нах, Киево бехкаш дехкина Кадыровна, Британино санкцеш кхайкхийна Кадыровн фондана, цунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна Маршонан 115-чу подкастехь.
Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:
Your browser doesn’t support HTML5
Британино санкцеш кхайкхийна Кадыровн фондана | МАРШОНАН ПОДКАСТ #115
Бесланехь дагалецира теракт
Къилбаседа ХIирийчуьра Беслан гIалара номер 1 йолчу школехь 2004-чу шарахь нах закъалте а лоьцуш, хиллачу бохамна лерина хIоттийначу экспозицин хьалхара дакъа схьадиллира. Сарахь цу гӀишлонан кертахь чIурамаш латийнера, цу терактехь вийна 334 стаг дагалоцуш, царех 186 бер дара.
Гезгамашин-беттан 1-чу Ӏуьйранна ишколан кертахь тезет хIоттийра. Гулбеллачарна гайтира кхушара схьайиллина терактах лаьцна болу гайтам. Цу гӀишлонан цхьана декъах Дуьненаюкъарчу културан а, патриотикан а центр йина аьлла, дийцира республикин куьйгалхочо Меняйло Сергейс. Штурм бахьана долуш закъалтхой кхалхарца доьзна долу цу дийцаран уггаре а хала дакъа, гайтаман суьрташца мах хадийча, ца гойтуш дита сацам бира.
КХИН А ХЬАЖА: Путинан бехк цахиларца реза бац. Бесланехь бохам хилла 20 шоШколехь пресс-конференци дӀайаьхьира "Бесланан нанойн" векалша. Комитетан куьйгалхойх йолчу Гадиева Анетас билгалдаьккхира, теракт таллар тӀаьххьарчу 8 шарахь "формалан" кепехь дара, амма Путина талламан тоба алсамъяккха сацам бинчул тӀаьхьа иза "жигараделира" аьлла. Гезгамашин-беттан 1-чу дийнахь хIоттийна тезет латтийра кху беттан 3-чу дийне кхаччалц.
Теракт хилла 21 шо даьллачул тӀаьхьа Бесланехь хиллачу бохамах дагалецамаш хӀинца шина минотал сов ца гойту федералан каналашкахула.
Бесланера номер 1 йолчу школехь закъалтхой лецна 21 шо даьлла, Оьрсийчохь хиллачех уггар а йоккха теракт лорш йу иза. Цунна бехке берш лоьхуш бу хIинццалц схьа, ткъа бIе закъалтхо а вуьйш, хилла штурм йан омра делларг талламо хIинца а билгалваьккхина вац. Стохка рогIера шо кхача герга долуш Оьрсийчоьнан президент веара кхаа дийнахь гIаттамхоша эзар сов бераш а, баккхийнаш а латтийначу школера спортзале. Цо кадам бира, чIурам хIоттийра белларш дагалоцуш, мемориала хьалха голаш тIе а хIоьттира. Цо терактана бехкебира арахьара мостагIий, 20 шо хьалха ша дийцинарг бIостане а доккхуш. Амма беллачийн наноша бехкалара ца волуьйту иза.
Кадыров Рамзан бехкево Киевехь
Украинан кхерамзаллин сервисо тIеман зуламаш дарна йуха а шеконашка эцна Кадыров Рамзан, гIадужу-баттахь украинхойн тIеман йийсархойн хьокъехь динчу дIахьедаршна тIехула. Цу хенахь Кадыровс тIедожийра Оьрсийчоьнан эскарера нохчийн къомах болчу командирашна, Украинан салтий йийсаре оьцучу хенахь царна тIе герз детта аьлла. Кхо де даьллачу хенахь и омра йуха ийцира Нохчийчочьнан куьйгалхочо.
Оьрсийчоьнан эскаршна йукъахь тӀемаш бечу нохчийн тӀемалойн буьйранчашна "хьажийна" дара Кадыровн омра, дIахьедира СБУ-но. Иштта лерринчу сервисаша карладаьккхира Нохчийчоьнан куьйгалхочо Соьлж-ГӀаларчу тӀеман гIишлойн тхевнашна тӀехь йийсархой дӀатарбар. Оцу кепара барамаш тIеэца хьесап дира цара, Гуьмсерчу спецназан университетана Украинан дронашца тохарш динчул тӀаьхьа.
КХИН А ХЬАЖА: Кавказ а, Киев а: цаторийла хилла барт, йа йеххачу ханна декъашхойИ тайпа дӀахьедарш дарца Дуьненаюкъарчу бехктакхаман кхелан Римерчу статутан норманашца а догӀуш, герзаца тӀеман конфликташкахь лелош долу тӀеман низамаш а, гӀиллакхаш а дохор ду, билгалдаьккхира СБУ-но. Нохчийчоьнан куьйгалхочунна дуьхьал долийна гӀуллакх толлуш ду Украинан бехктакхаман кодексан 438-чу артиклан I-чу декъаца – тӀеман йийсархошца къиза лелар.
Кадыровна дуьхьал СБУ-но долийначу г1уллакхах лаьцна шена хтарг элира украинхойн политолого Фесенко Владимира: "Суна хетарехь, тIеман зуламаш, шайна йукъахь Оьрсийчоьнан куьйгалхоша дийриш а долуш, Украинан низамхоша – СБУ-но а, прокуратуро а дӀа а йаздеш бечу белхан цхьа дакъа ду. Кадыров кхузахь веккъа цхьа гӀараваьлла, резонанс йолуш стаг ву. Кхузахь болх беш йерг политикан а йоцуш, мелхо а процессуалан логика йу. Карарчу хенахь СБУ-н талламчаша кечйина цу кепара шеконаш. Ма-дарра аьлча, суна хетарехь, хIара украинхойн агIор дуьненайукъарчу кхелашкахь, ишта спецтрибуналехь а ден долчу дIахьедарийн коьрта агIо йу – Iазап хьегийтар, низамехь доцург лелор, тIеман йийсархойн дуьненайукъара бакъо талхор а. Масалш алсам ду.
ХIара цхьана Нохчийчоьнах хьакхадела а ца Iа. Кадыров мелла а кхузахь цхьана эпизодехь ву. Украинехь цхьа а кхоьруш вац Кадыровх. ТIом балале хьалха цхьаверг Кадыровх а, цуьнан кхерамех а ийзалуш хилла хила а мега. Ткъа хIинца Кадыровх кхоьруш цхьа а вац. Цундела цуьнан кхерамаш а кхин башха тергал ца бо. 2022-чу шарахь танкаш тIехь Киеве чубахка лууш бара дуккха а, церан цунах гIуллакх ца хилира. Хинца шансаш йанне а йац. Ткъа Кадыров танка тIехь бен дIасалелалур волуш а вац х1инца-м".
2022-чу шеран марсхьокху-баттахь Украино бехкаш дехкира Кадыров Рамзанна къиза тӀом болорна а, хаа а хууш, пачхьалкхан дозанаш хийца гӀортарна а, 20I4-чу шарахь Оьрсийчоьно герзаца агресси йар къобалдарна а. Цул тIаьхьа изза бехкаш дехкира Оьрсийчоьнан къоман гвардин куьйгалхочун гӀовс волчу Мартынов Даниилна а, тактикан тобанан 249-чу батальонан командирна Межидов Хьусейнна а.
Британино санкцеш кхайкхийна Кадыровн фондана
Украинера бераш йуха кхетош-кхион Iалашонца Украинера Оьрсийчу дIадуьгуш накъосталла динчарна дуьхьал санкцеш йохуш хIоттийна хилла тептар карладаьккхина Британин Ӏедало. Керла дехкарш хьакхалуш ду хIинца формалан кепехь Нохчийчоьнан куьйгалхочун нанас Кадырова Айманис куьйгалла дечу Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондах а, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин полкан командирах Чалаев Замидах а.
Республикан куьйгалхочун "бохча" лоручу фондо дакъалоцуш хилла Оьрсийчоьнан Ӏедало ханна дӀалаьцначу территореш тӀехь украинхойн бераш тӀеман-патриотан агӀор йухакхетош-кхиоран программехь, аьлла ду кехаташ тIехь йаздина. 2023-чу шеран марсхьокху-баттахь Кадыров Ахьмадан цӀарахчу фондана Американ Цхьанатоьхначу Штаташа санкцеш кхайкхийра, ткъа стохка мангал-баттахь Евроберто цунна а, цу организацин президентана Кадырова Айманина а дозанаш туьйхира.
КХИН А ХЬАЖА: Наха дийриг а шайна тIейаздар ду? Кадыров Адам а, ГIазза секторера бахархошна гIо дар аНохчийчоьнан чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан Кадыровн цӀарахчу лерринчу полицин полкан буьйранча Чалаев Замид санкцийн тептаре ваьккхина, "Украинана дестабилизаци йеш, мехкан территорин цхьаалла йохош йа цунна кхерам латтош лелийначу гӀуллакхашна жоьпаллехь ву" аьлла. Иштта Евробертан санкцешна кӀел а ву Чалаев, Украинан территори тӀера Оьрсийчоьнан эскархоша "тӀеман кхетамехь йуха кхетош-кхион" Iалашонца дIадигинчу берашна лерина лагерш вовшахтохарна. 202I-чу шарахь "Новая газетано" зорбане даьхнера Чалаевн куьйга кӀел болчу наха меттигерчу бахархошна тIехь къизаллаш лелийна тоьшаллаш.
Британин санкцийн тептаре йаьхна ишта Iедалхошна муьтIахь йолу кегийрхойн йукъараллаш - "Хьалхарчийн болам" а, "Толаман волонтераш" а, Британин Ӏедалша дийцарехь, низамехь доцуш Оьрсийчу экспорт йарехь а, Украинан бераш индоктринаци йарехь а дакъалоцуш хилла масех хьаькам а.
Нохчийчоьнан Ӏедалша лелайо Кадыров Ахьмадан фонд, меттигерчу бюджетан организацешкахь болх бечу белхахошка нуьцкъала ахчанаш а дохкуьйтуш, ишта Москвара къайладаьхьна чукхоьхьу ахчанех а. 2024-гӀа шо чекхдолуш Кадыров Рамзана хаам бира, цунах 35 миллиард 803 миллион сом (350 миллион доллар гергга) хьажийна Украинехь бечу тIамна лерина. Цуьнга ладоьгIча гуш ду, фондо шена хуьлуш болу пайда а, билггал йолу активаш а лечкъош хилар.
Йийсархой байина боху стаг министр хIоттийна Дагестанехь
Дагестанан къоман политикехула а, динан гӀуллакхашкахула а министран декхарш ханна кхочушдан хӀоттийна "Турпалхойн зама" цIе йолчу пачхьалкхан программин декъашхо Абуталимов Темирлан. Украинан къайлахчу сервисийн коьртачу урхалло цуьнан цӀе йаьккхира 2024-чу шеран стигалкъекъа-баттахь украинхойн 4 йийсархо вуьйш дакъалаьцначу пхеа буьйранчана йукъахь.
Абуталимов министран дарже хӀотторх лаьцна хаамбира республикан куьйгалхочо Меликов Сергейс йоьдучу кхеташонехь. Цо билгалдаьккхира, эскархо стохка стигалкъекъа-баттахь уггаре а хьалхарчу нахаца пачхьалкхан программе йазвелла хилар а, хӀетахь дуьйна пачхьалкхан урхаллин зеделларг толлуш хилар а, "республикан куьйгалхочо куьйгалла" а деш.
"Оьрсийчоьнан Турпалхо" цӀе а, Доьналлин ши орден а йелла Абуталимовна. Цуьнан гергарчара дийцарехь, 2022-чу шеран гурахь цхьана декъанна мобилизаци дӀакхайкхийначул тӀаьхьа, шен лаамехь Украинана дуьхьал тӀаме вахара иза, Шелахь куп тоьхначу 70-чу мотогерзан полке дӀайазвелла.
Украинан тӀеман министраллан коьртачу къайлахчу сервисийн урхалло 2024-чу шеран стигалкъекъа-баттахь Запорожье кӀоштарчу Работино эвлана гергахь украинхойн виъ йийсархо вуьйш дакъалаьцначу буьйранчашна йукъахь хилла ву аьлла, цIе йаьккхира Абуталимовн. Лерринчу сервисо билгал ца даьккхина Абуталимовс билггал динарг.
Шен керлачу даржехь Абуталимовн дезар ду къаьмнашна а, динашна а йукъахь конфликташ ца хилийта а, нагахь хиллехь, уьш йерзо а. Масала, Казбековн кӀоштарчу Ленинаулехь а, Калинаулехь а латтана тIехула болу къовсам. ТIамехь дакъалаьцначу суьлийн къомах болчу нахана латтанаш дIасадекъа долийча, меттигера нохчийн-Iовхойн йукъаралла протесте йелира.
Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте: