Халкъалахь «нохчийн къоман яхь-юьхьан куц-сибат а хилла ваьхна яздархо» аьлла цIе яхначу Айдамиров Абузаран винчу дийнахь Сувейлера Жабраил Набила дагалоьцу шен яздархочуьнца хиллачу цхьанакхетарх
Авторханов Iабдурахьман а вевзара цунна Кху деношкахь 109 шо кхаьчна гоьваьлла нохчийн политолог, историк, яздархо Авторханов Iабдурахьман вина. Иза а дагалоцу Набила шен дахарх Маршо Радиоца дечу къамелехь.
Нохчийчуьрчу бахархойн мелла а тΙекхочийла ду шайн къоман историн агΙонашна. Цундела цигахь гΙеххьачул бевза къоман турпалш, мехкан дахарна тIеΙаткъам беш хилла къонахий а, иштта мостагΙий а.
Урдунерчу Заркъехь муьлхха а нохчочун вевза "хьаддад" (аьчган пхьар) Эрсно Басиль. Машенаш тояран станцехь болх беш волчу цо шен мокъа хан йоккху пхьалгIехь.
Урдунан эскарехь подполковникан чинехь лор хилла ву Бетин Ахьмад. Ненан мотт безаро нохчийн-Iаьрбийн дошам кхоллийтира шега, ткъа даймахке болчу безамо карта диллийтира шега бохуш, дуьйцу цо.
Шина адаман кхоллам вовшахбузу ламаст оьзда, гIиллакхе леладо Урдунерчу вайнаха. Зуда еха боьлхучу нохчийн тобано хьаша вира Маршо Радион корреспондент.
Дукха Iилманчаш, эпсарш, Iеламнах бийлина Урдунехь бехачу нохчийн могIаршкара. Царех дозалла деш а хилла пачхьалкхо а, цуьнан паччахьаша а. Бин ТIалал Хьусейнан ханехь пхеа шарахь лаьттина БатIал ИбрахIим а. Маршо Радиога цо дийцира шен дахаран некъах лаьцна.
Гонахара Кавказан къаьмнаш а, я уьш тергалбеш Iа генара халкъаш а ца кхета, стенна уьду уьш нехан цIийнах яьлла цIе яйъа, Оьрсийчоьно шайн хIусамах латийна йогуш изза цIе а йолуш. Видеоно дагадоуьйту, маца, муьлхачу тIемашка листира кху 25 шарахь нохчий.
Тамаше ду оцу харцонах дуьйцучу прессо тоьшалле валориг полицин министр Соботка Вольфганг хилар. Маршо Радионе шена йинчу харцонах дуьйцу газеташа сийсазвинчу нохчочо.
Малхбале вайнаха хьижрат дина мел заманаш евллехь а, ала дац оцу нехан тIаьхьено тешнабехкбина шайн дедайшна, денаношна - цхьа хьаса ца божийна цара шайн къоман хазачу ламастех. ...Дегич-пондар хезачохь хуьлийла а ма дац иза! Сувейлехь, цунна гергарчу лома тIехь, дика бека дечиг-пондар...
Венехь гулам хилира 1996-чу шеран 6-чу дийнахь Соьлж-ГIала федералан эскарх 21 шо хьалха мукъаяьккхар дагалоцуш.
Хьан боху вайнехан жижиг-галнаш цхьа а башхалла а йоцуш йо хIораммо а? Бакъ дац! Вайн наноша уьш, тахналерачу "курачу" зударша санна, кегий ца йора. Урдунерчу Анвара гойтур ду вайна, муха ю вайнехан жижиг-галнийн классика!
Урдунан а, Иракъан а ЦIен Беттасин хьукматаш, Урдунан парламентан депутат Бено Тамир, нохчийн юкъараллан лидер Бено Самихь схьагулдеш бу йохийначу Мосулехь буодисина нохчийн бераш. Уьш шаьш кестта Нохчийчуьрчу церан гергарчех дIатохаре догдоху цара.
Урдунехь нохчаша дуььххьара ехкинчу яртех цхьан хан яьлча шахьараш хилла. Масала Заркъе, Сувейл, СухIне. Оцу гIалнашкахь бехачу нохчаша диц ца до дайн ламасташ: дика а, вуон дерзор, хьаша тIеэцар, марха дастар, зудаялор. Иштта Заркъерачу цхьана нохчочо Сувейлера нускал далийна хилла Заркъехь.
Иракъан эскархоша гойтуш вара интернетехула херцаршкахь карийна веданхойх ларалуш волу жима Тагиров Билал. Иштта карийна цигахь цхьа нохчийн йоI а. Уьш схьа а лехна, Нохчийчу кхачон Iалашо ю Урдунерчу вайнехан юкъараллин куьйгалхочун Бено Самихьан.
Венехь тIеман-историкан музейхь Австрин пачхьалкхехь дехачу къаьмнийн юккъерачу оьмарехь лелийна духарш, дахаран хьелаш гойтуш фестивал дIаяьхьна кху деношкахь. Венехь беха нохчийн а бара цига кхайкхина.
Бусулба динах а, бусалба къаьмнашлахь шена дика хетачух а, ша вуон лоручух а, Шемахь боьдучу тIамехь болчу нохчех а, мухIажираллех а дуьйцу Полшин журналисто Марчин Мамона. Эрсно Казбекан видео.
Кхо шо кхочу кхаарийдийнахь харцонца майрра къийсалуш яьхна диссидент Новодворская Валерия кхелхина. Цкъа а прессехь хилла доцу цуьнан кехат довзийтира Маршо Радиона, иза дагалоцуш, Нохчийчоьнан президентан Дудаев ЖовхIаран цIийнананас Дудаева Аллас.
Хьажа кхин дIа а